Сурат 92 Ал-лайл (Буьйса), аят 1 – 21
-
وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَىٰ
Буьйсанах дуй боу Ас, /цо Ӏалам боданца/ дӀахьулдеш‚
92:1 -
وَالنَّهَارِ إِذَا تَجَلَّىٰ
Дийнах а дуй боу Ас‚ иза серладаьлча,
92:2 -
وَمَا خَلَقَ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ
Ша борша а, сте а адам кхоьллинчуьнца (Делаца) а дуй боу Ас:
92:3 -
إِنَّ سَعْيَكُمْ لَشَتَّىٰ
Баккъалла а, шун къахьегар тайп-тайпана ду-кх!
92:4 -
فَأَمَّا مَنْ أَعْطَىٰ وَاتَّقَىٰ
Амма ша /шен даьхни/ дделларг а (харжаш еш Дала бохучу новкъахь)‚ /Делах/ кхийринарг а‚
92:5 -
وَصَدَّقَ بِالْحُسْنَىٰ
Ша уггар хазниг бакъдинарг
92:6 -
فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْيُسْرَىٰ
Оха цунна атта дийр ду аттачунна (дикчу мална) тӀе /водар/
92:7 -
وَأَمَّا مَنْ بَخِلَ وَاسْتَغْنَىٰ
Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг а‚
92:8 -
وَكَذَّبَ بِالْحُسْنَىٰ
Ша уггар хазниг харцдинарг
92:9 -
فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْعُسْرَىٰ
Оха цунна атта дийр ду халачунна (вочу дахарна дуьненахь а, эхартахь а) тӀе (водар)
92:10 -
وَمَا يُغْنِي عَنْهُ مَالُهُ إِذَا تَرَدَّىٰ
Цунна пайдане хир бац цуьнан бахам, иза кӀелвисча /жоьжахате вохуьйтуш/
92:11 -
إِنَّ عَلَيْنَا لَلْهُدَىٰ
Баккъалла а, Тхуна тӀехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/
92:12 -
وَإِنَّ لَنَا لَلْآخِرَةَ وَالْأُولَىٰ
Баккъалла а, Тхан ду тӀаьхьарниг а‚ хьалхарниг а (эхарт а‚ дуьне а)
92:13 -
فَأَنْذَرْتُكُمْ نَارًا تَلَظَّىٰ
Ас кхерам тесина шуна алу кхуьссучу цӀарца
92:14 -
لَا يَصْلَاهَا إِلَّا الْأَشْقَى
ЧугӀур вац цунна уггар декъазаниг бен‚
92:15 -
الَّذِي كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ
Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дӀавирзина волу
92:16 -
وَسَيُجَنَّبُهَا الْأَتْقَى
Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚
92:17 -
الَّذِي يُؤْتِي مَالَهُ يَتَزَكَّىٰ
Шен бахам ша цӀанвалан (закатна, сагӀина) длуш верг‚
92:18 -
وَمَا لِأَحَدٍ عِنْدَهُ مِنْ نِعْمَةٍ تُجْزَىٰ
Цхьангара шена бекхамна дика ца лоьхуш‚
92:19 -
إِلَّا ابْتِغَاءَ وَجْهِ رَبِّهِ الْأَعْلَىٰ
Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен
92:20 -
وَلَسَوْفَ يَرْضَىٰ
Тьхьа реза хир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниӀматашна/
92:21
Гочдар: Магомед Магомедов