Сурат 92 Ал-лайл (Буьйса)

  1. وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَىٰ

    Буьйсанах дуй боу Ас, /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚

    92:1
  2. وَالنَّهَارِ إِذَا تَجَلَّىٰ

    Дийнах а дуй боу Ас‚ иза серладаьлча,

    92:2
  3. وَمَا خَلَقَ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ

    Ша борша а, сте а адам кхоьллинчуьнца (Делаца) а дуй боу Ас:

    92:3
  4. إِنَّ سَعْيَكُمْ لَشَتَّىٰ

    Баккъалла а, шун къахьегар тайп-тайпана ду-кх!

    92:4
  5. فَأَمَّا مَنْ أَعْطَىٰ وَاتَّقَىٰ

    Амма ша /шен даьхни/ дделларг а (харжаш еш Дала бохучу новкъахь)‚ /Делах/ кхийринарг а‚

    92:5
  6. وَصَدَّقَ بِالْحُسْنَىٰ

    Ша уггар хазниг бакъдинарг

    92:6
  7. فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْيُسْرَىٰ

    Оха цунна атта дийр ду аттачунна (дикчу мална) тIе /водар/

    92:7
  8. وَأَمَّا مَنْ بَخِلَ وَاسْتَغْنَىٰ

    Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг а‚

    92:8
  9. وَكَذَّبَ بِالْحُسْنَىٰ

    Ша уггар хазниг харцдинарг

    92:9
  10. فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْعُسْرَىٰ

    Оха цунна атта дийр ду халачунна (вочу дахарна дуьненахь а, эхартахь а) тIе (водар)

    92:10
  11. وَمَا يُغْنِي عَنْهُ مَالُهُ إِذَا تَرَدَّىٰ

    Цунна пайдане хир бац цуьнан бахам, иза кIелвисча /жоьжахате вохуьйтуш/

    92:11
  12. إِنَّ عَلَيْنَا لَلْهُدَىٰ

    Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/

    92:12
  13. وَإِنَّ لَنَا لَلْآخِرَةَ وَالْأُولَىٰ

    Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а (эхарт а‚ дуьне а)

    92:13
  14. فَأَنْذَرْتُكُمْ نَارًا تَلَظَّىٰ

    Ас кхерам тесина шуна алу кхуьссучу цIарца

    92:14
  15. لَا يَصْلَاهَا إِلَّا الْأَشْقَى

    ЧугIур вац цунна уггар декъазаниг бен‚

    92:15
  16. الَّذِي كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу

    92:16
  17. وَسَيُجَنَّبُهَا الْأَتْقَى

    Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚

    92:17
  18. الَّذِي يُؤْتِي مَالَهُ يَتَزَكَّىٰ

    Шен бахам ша цIанвалан (закатна, сагIина) длуш верг‚

    92:18
  19. وَمَا لِأَحَدٍ عِنْدَهُ مِنْ نِعْمَةٍ تُجْزَىٰ

    Цхьангара шена бекхамна дика ца лоьхуш‚

    92:19
  20. إِلَّا ابْتِغَاءَ وَجْهِ رَبِّهِ الْأَعْلَىٰ

    Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен

    92:20

Гочдар: Магомед Магомедов