Сурат 99 Аль-залзала (/латта/ ластар), аят 1 – 8
-
إِذَا زُلْزِلَتِ الْأَرْضُ زِلْزَالَهَا
Латта ластича, ласторца /къематдийнахь/‚
99:1 -
وَأَخْرَجَتِ الْأَرْضُ أَثْقَالَهَا
Латто /шена тӀера/ йозаллаш (шена тӀехь мел йолу хӀума адам а‚ бежна а‚ дитт а…) аракхоьссича‚
99:2 -
وَقَالَ الْإِنْسَانُ مَا لَهَا
Адамо элира: 'Цунна хӀун хилла?'
99:3 -
يَوْمَئِذٍ تُحَدِّثُ أَخْبَارَهَا
Оцу дийнахь цо шен хабар дуьйцур ма ду,
99:4 -
بِأَنَّ رَبَّكَ أَوْحَىٰ لَهَا
Хьан Кхиош-кхобучо шена хьехна ма-дду
99:5 -
يَوْمَئِذٍ يَصْدُرُ النَّاسُ أَشْتَاتًا لِيُرَوْا أَعْمَالَهُمْ
Оцу дийнахь нах тобанашца дӀаоьхур ма бу шайн Ӏамалш шайга дгайта
99:6 -
فَمَنْ يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ خَيْرًا يَرَهُ
Мискъалан зарратал диканиг диначунна иза гур ма ду
99:7 -
وَمَنْ يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ شَرًّا يَرَهُ
Мискъалан зарратал вониг диначунна иза а гур ма ду
99:8
Гочдар: Магомед Магомедов