Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 1 – 23

  1. بَرَاءَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Делера а‚ Цуьнан элчанера а, аш шаьш барт бина хилла болчу мушрикшца декъехь цахилар, хаам бу

    9:1
  2. فَسِيحُوا فِي الْأَرْضِ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللَّهِ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ مُخْزِي الْكَافِرِينَ

    Лела лаьттахула беа баттахь‚ тӀаккха шуна хаалаш, Дела грасиз ван шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш

    9:2
  3. وَأَذَانٌ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى النَّاسِ يَوْمَ الْحَجِّ الْأَكْبَرِ أَنَّ اللَّهَ بَرِيءٌ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۙ وَرَسُولُهُ ۚ فَإِنْ تُبْتُمْ فَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ الَّذِينَ كَفَرُوا بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

    Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаж доьхкучу дийнахь: И Дела цӀена ву мушрикех‚ Цуьнан элча а /цӀена/ ву. Аш тōба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь, шуна хаалаш, Дела грасиз ван шайн ницкъ кхочур- боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Ӏазапаца,

    9:3
  4. إِلَّا الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ثُمَّ لَمْ يَنْقُصُوكُمْ شَيْئًا وَلَمْ يُظَاهِرُوا عَلَيْكُمْ أَحَدًا فَأَتِمُّوا إِلَيْهِمْ عَهْدَهُمْ إِلَىٰ مُدَّتِهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ

    Аш шайца барт бина хилла берш боцчарна‚ тӀаккха шуна цхьанна а хӀуманца эшам бина хилла боцчу‚ шуна тӀехь цхьанна а гӀо дина хилла боцчарна – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш

    9:4
  5. فَإِذَا انْسَلَخَ الْأَشْهُرُ الْحُرُمُ فَاقْتُلُوا الْمُشْرِكِينَ حَيْثُ وَجَدْتُمُوهُمْ وَخُذُوهُمْ وَاحْصُرُوهُمْ وَاقْعُدُوا لَهُمْ كُلَّ مَرْصَدٍ ۚ فَإِنْ تَابُوا وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ فَخَلُّوا سَبِيلَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Деза /хьаж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца машаре ца богӀу, тешнабехк беш болу/ мушрикаш байа, шайна уьш карабаькинчохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ клонна охьаховша царна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хӀоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    9:5
  6. وَإِنْ أَحَدٌ مِنَ الْمُشْرِكِينَ اسْتَجَارَكَ فَأَجِرْهُ حَتَّىٰ يَسْمَعَ كَلَامَ اللَّهِ ثُمَّ أَبْلِغْهُ مَأْمَنَهُ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْلَمُونَ

    Мушрикех цхьаммо хьоьга шена маршо ехахь – кхочушъе иза, цунна Делан дош хаззалц‚ тӀаккха дӀакхачаве иза кхерам боцчу меттиге (шен даймахка‚ цунна лаахь), – иза уьш ца хууш къам хиларна ду

    9:6
  7. كَيْفَ يَكُونُ لِلْمُشْرِكِينَ عَهْدٌ عِنْدَ اللَّهِ وَعِنْدَ رَسُولِهِ إِلَّا الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ فَمَا اسْتَقَامُوا لَكُمْ فَاسْتَقِيمُوا لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ

    Муха хир бу мушрикашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Деза маьждиган гергахь аш шайца барт бинарш боцчаьрца? Уьш шайца нийса ма хиллара‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш

    9:7
  8. كَيْفَ وَإِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ لَا يَرْقُبُوا فِيكُمْ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ يُرْضُونَكُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ وَتَأْبَىٰ قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَاسِقُونَ

    Муха..? Шаьш шуна тӀехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн батошца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш батошца дуьйцачунна/, царах дукхахберш фасикъ (Далла муьтхь хиларх дхаьдда нах) бу

    9:8
  9. اشْتَرَوْا بِآيَاتِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Делан аяташ доьхкина цара кӀеззигчу мехах‚ Цуьнан некъах /дуккха а нах/ дтилийиа цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг

    9:9
  10. لَا يَرْقُبُونَ فِي مُؤْمِنٍ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُعْتَدُونَ

    Тергаме ца до цара муъмин стагаца гергарло а‚ барт а. Уьш дозанех бевлларш бу

    9:10
  11. فَإِنْ تَابُوا وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ ۗ وَنُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Нагахь санна цара тōба дахь‚ ламаз хӀоттадахь‚ закат лахь – тӀаккха шун вежарий бу уьш динехь, /иштта/ къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана

    9:11
  12. وَإِنْ نَكَثُوا أَيْمَانَهُمْ مِنْ بَعْدِ عَهْدِهِمْ وَطَعَنُوا فِي دِينِكُمْ فَقَاتِلُوا أَئِمَّةَ الْكُفْرِ ۙ إِنَّهُمْ لَا أَيْمَانَ لَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَنْتَهُونَ

    Нагахь санна цара шайн дуйнаш къарбахь, шайн барт хиллачул тӀаьхьа‚ Ӏиттарш яхь шун динна – керстананийн коьртехь болчаьрца тм бе ‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш совца магара /шайн коьртехь берш байича/

    9:12
  13. أَلَا تُقَاتِلُونَ قَوْمًا نَكَثُوا أَيْمَانَهُمْ وَهَمُّوا بِإِخْرَاجِ الرَّسُولِ وَهُمْ بَدَءُوكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ أَتَخْشَوْنَهُمْ ۚ فَاللَّهُ أَحَقُّ أَنْ تَخْشَوْهُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Аш тм ца бо шаьш шайн дуйнаш къарбинчу къомаца‚ элча араваккха гӀайгӀа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тӀом) болийна хиллачу? Царах кхоьру шу? Дела ма вара шу Шех кхера там болуш ‚ шу муъмин нах хиллехь!

    9:13
  14. قَاتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ بِأَيْدِيكُمْ وَيُخْزِهِمْ وَيَنْصُرْكُمْ عَلَيْهِمْ وَيَشْفِ صُدُورَ قَوْمٍ مُؤْمِنِينَ

    ТӀом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Ӏазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тӀехь шуна гӀо дийр ду‚ тодийр ду муъмин нехан дегнаш

    9:14
  15. وَيُذْهِبْ غَيْظَ قُلُوبِهِمْ ۗ وَيَتُوبُ اللَّهُ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ДӀайоккхур ю церан дегнийн оьгӀазло‚ Дала гечдо Шена луучунна. Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукам дийриг а ву

    9:15
  16. أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تُتْرَكُوا وَلَمَّا يَعْلَمِ اللَّهُ الَّذِينَ جَاهَدُوا مِنْكُمْ وَلَمْ يَتَّخِذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَا رَسُولِهِ وَلَا الْمُؤْمِنِينَ وَلِيجَةً ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца луьйцуш)? Далла хӀинца а шух гӀазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъмин нах а битина, кхин доттагӀий ца лийцинарш а ца бевзина (нахана гучубохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аш дийриг

    9:16
  17. مَا كَانَ لِلْمُشْرِكِينَ أَنْ يَعْمُرُوا مَسَاجِدَ اللَّهِ شَاهِدِينَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ بِالْكُفْرِ ۚ أُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ وَفِي النَّارِ هُمْ خَالِدُونَ

    Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Ӏен, керстанаш шаьш хиларна тешалла а деш. Церан Ӏамалш дӀатили‚ уьш /жоьжахатин/ цӀергахь гуттар лаьттар бу

    9:17
  18. إِنَّمَا يَعْمُرُ مَسَاجِدَ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَقَامَ الصَّلَاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَلَمْ يَخْشَ إِلَّا اللَّهَ ۖ فَعَسَىٰ أُولَٰئِكَ أَنْ يَكُونُوا مِنَ الْمُهْتَدِينَ

    Делан маьждигашкахь Ӏийр бу Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешна берш‚ ламаз хӀоттийнарш‚ закат делларш‚ Дела воцчух ца кхоьрурш – уьш хила там бу нисбеллачарах

    9:18
  19. أَجَعَلْتُمْ سِقَايَةَ الْحَاجِّ وَعِمَارَةَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ كَمَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَجَاهَدَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ لَا يَسْتَوُونَ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Аш хилийти хьаьжина хи далар а‚ Деза маьждигехь Ӏар а Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешначух а‚ Делан новкъахь къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам

    9:19
  20. الَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ أَعْظَمُ دَرَجَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Ийман диллинарш‚ дӀакхелхинарш (пайхамарца Маккара Мадинате ислам Ӏалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн бахамца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш

    9:20
  21. يُبَشِّرُهُمْ رَبُّهُمْ بِرَحْمَةٍ مِنْهُ وَرِضْوَانٍ وَجَنَّاتٍ لَهُمْ فِيهَا نَعِيمٌ مُقِيمٌ

    Царна шайн Кхиош-кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ (ялсаманин) бошмаш хиларца а‚ шайна цунна (ялсамани) чохь сацаделла лаьтташ долу ниӀмат долуш

    9:21
  22. خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ

    Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла)

    9:22
  23. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا آبَاءَكُمْ وَإِخْوَانَكُمْ أَوْلِيَاءَ إِنِ اسْتَحَبُّوا الْكُفْرَ عَلَى الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Ма лийцалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагӀий, (ма бе царах доладийраш) царна ийманал керстаналла дукхадезахь. Шух царах доттагӀий бинарш – уьш бу зуламхой

    9:23

Гочдар: Магомед Магомедов