Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 8
-
كَيْفَ وَإِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ لَا يَرْقُبُوا فِيكُمْ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ يُرْضُونَكُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ وَتَأْبَىٰ قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَاسِقُونَ
Муха..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн батошца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш батошца дуьйцачунна/, царах дукхахберш фасикъ (Далла муьтхь хиларх дхаьдда нах) бу
9:8
Гочдар: Магомед Магомедов