Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 25 – 29
-
لَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ فِي مَوَاطِنَ كَثِيرَةٍ ۙ وَيَوْمَ حُنَيْنٍ ۙ إِذْ أَعْجَبَتْكُمْ كَثْرَتُكُمْ فَلَمْ تُغْنِ عَنْكُمْ شَيْئًا وَضَاقَتْ عَلَيْكُمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ ثُمَّ وَلَّيْتُمْ مُدْبِرِينَ
Дала гӀо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн дийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гӀоьнах ойла еш дацара шу) шун хӀумма кӀелхьар ца даьккхира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тӀаккха шу юхадевлира
9:25 -
ثُمَّ أَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَنْزَلَ جُنُودًا لَمْ تَرَوْهَا وَعَذَّبَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ
ТӀаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъмин нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Ӏазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу
9:26 -
ثُمَّ يَتُوبُ اللَّهُ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Юха а тōба къобалдийр ду Дала цул тӀаьхьа а Шена луучунна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
9:27 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّمَا الْمُشْرِكُونَ نَجَسٌ فَلَا يَقْرَبُوا الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ بَعْدَ عَامِهِمْ هَٰذَا ۚ وَإِنْ خِفْتُمْ عَيْلَةً فَسَوْفَ يُغْنِيكُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ إِنْ شَاءَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Мушрикунаш нажс (боьха хӀума) ю‚ хӀокху шарал тӀаьхьа Деза маьждигна герга ма гӀойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикунаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тӀаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах, Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
9:28 -
قَاتِلُوا الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَلَا بِالْيَوْمِ الْآخِرِ وَلَا يُحَرِّمُونَ مَا حَرَّمَ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَلَا يَدِينُونَ دِينَ الْحَقِّ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ حَتَّىٰ يُعْطُوا الْجِزْيَةَ عَنْ يَدٍ وَهُمْ صَاغِرُونَ
ТӀом бе шайга жайна деллачарах Делах а‚ тьххьарчу дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин (Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукӀар хилла) жизьят луш, уьш /шун куьйга/ кӀел совццалц
9:29
Гочдар: Магомед Магомедов