Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 28

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّمَا الْمُشْرِكُونَ نَجَسٌ فَلَا يَقْرَبُوا الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ بَعْدَ عَامِهِمْ هَٰذَا ۚ وَإِنْ خِفْتُمْ عَيْلَةً فَسَوْفَ يُغْنِيكُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ إِنْ شَاءَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Мушрикунаш нажс (боьха хIума) ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Деза маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикунаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах, Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    9:28

Гочдар: Магомед Магомедов