Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 7 – 11

  1. كَيْفَ يَكُونُ لِلْمُشْرِكِينَ عَهْدٌ عِنْدَ اللَّهِ وَعِنْدَ رَسُولِهِ إِلَّا الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ فَمَا اسْتَقَامُوا لَكُمْ فَاسْتَقِيمُوا لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ

    Муха хир бу мушрикашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Деза маьждиган гергахь аш шайца барт бинарш боцчаьрца? Уьш шайца нийса ма хиллара‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш

    9:7
  2. كَيْفَ وَإِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ لَا يَرْقُبُوا فِيكُمْ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ يُرْضُونَكُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ وَتَأْبَىٰ قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَاسِقُونَ

    Муха..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн батошца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш батошца дуьйцачунна/, царах дукхахберш фасикъ (Далла муьтхь хиларх дхаьдда нах) бу

    9:8
  3. اشْتَرَوْا بِآيَاتِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан некъах /дуккха а нах/ дтилийиа цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг

    9:9
  4. لَا يَرْقُبُونَ فِي مُؤْمِنٍ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُعْتَدُونَ

    Тергаме ца до цара муъмин стагаца гергарло а‚ барт а. Уьш дозанех бевлларш бу

    9:10
  5. فَإِنْ تَابُوا وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ ۗ وَنُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Нагахь санна цара тōба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – тIаккха шун вежарий бу уьш динехь, /иштта/ къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана

    9:11

Гочдар: Магомед Магомедов