Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 7 – 16
-
كَيْفَ يَكُونُ لِلْمُشْرِكِينَ عَهْدٌ عِنْدَ اللَّهِ وَعِنْدَ رَسُولِهِ إِلَّا الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ فَمَا اسْتَقَامُوا لَكُمْ فَاسْتَقِيمُوا لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ
Муха хир бу мушрикашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Деза маьждиган гергахь аш шайца барт бинарш боцчаьрца? Уьш шайца нийса ма хиллара‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш
9:7 -
كَيْفَ وَإِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ لَا يَرْقُبُوا فِيكُمْ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ يُرْضُونَكُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ وَتَأْبَىٰ قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَاسِقُونَ
Муха..? Шаьш шуна тӀехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн батошца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш батошца дуьйцачунна/, царах дукхахберш фасикъ (Далла муьтхь хиларх дхаьдда нах) бу
9:8 -
اشْتَرَوْا بِآيَاتِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Делан аяташ доьхкина цара кӀеззигчу мехах‚ Цуьнан некъах /дуккха а нах/ дтилийиа цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг
9:9 -
لَا يَرْقُبُونَ فِي مُؤْمِنٍ إِلًّا وَلَا ذِمَّةً ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُعْتَدُونَ
Тергаме ца до цара муъмин стагаца гергарло а‚ барт а. Уьш дозанех бевлларш бу
9:10 -
فَإِنْ تَابُوا وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ ۗ وَنُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
Нагахь санна цара тōба дахь‚ ламаз хӀоттадахь‚ закат лахь – тӀаккха шун вежарий бу уьш динехь, /иштта/ къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана
9:11 -
وَإِنْ نَكَثُوا أَيْمَانَهُمْ مِنْ بَعْدِ عَهْدِهِمْ وَطَعَنُوا فِي دِينِكُمْ فَقَاتِلُوا أَئِمَّةَ الْكُفْرِ ۙ إِنَّهُمْ لَا أَيْمَانَ لَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَنْتَهُونَ
Нагахь санна цара шайн дуйнаш къарбахь, шайн барт хиллачул тӀаьхьа‚ Ӏиттарш яхь шун динна – керстананийн коьртехь болчаьрца тм бе ‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш совца магара /шайн коьртехь берш байича/
9:12 -
أَلَا تُقَاتِلُونَ قَوْمًا نَكَثُوا أَيْمَانَهُمْ وَهَمُّوا بِإِخْرَاجِ الرَّسُولِ وَهُمْ بَدَءُوكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ أَتَخْشَوْنَهُمْ ۚ فَاللَّهُ أَحَقُّ أَنْ تَخْشَوْهُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Аш тм ца бо шаьш шайн дуйнаш къарбинчу къомаца‚ элча араваккха гӀайгӀа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тӀом) болийна хиллачу? Царах кхоьру шу? Дела ма вара шу Шех кхера там болуш ‚ шу муъмин нах хиллехь!
9:13 -
قَاتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ بِأَيْدِيكُمْ وَيُخْزِهِمْ وَيَنْصُرْكُمْ عَلَيْهِمْ وَيَشْفِ صُدُورَ قَوْمٍ مُؤْمِنِينَ
ТӀом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Ӏазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тӀехь шуна гӀо дийр ду‚ тодийр ду муъмин нехан дегнаш
9:14 -
وَيُذْهِبْ غَيْظَ قُلُوبِهِمْ ۗ وَيَتُوبُ اللَّهُ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
ДӀайоккхур ю церан дегнийн оьгӀазло‚ Дала гечдо Шена луучунна. Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукам дийриг а ву
9:15 -
أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تُتْرَكُوا وَلَمَّا يَعْلَمِ اللَّهُ الَّذِينَ جَاهَدُوا مِنْكُمْ وَلَمْ يَتَّخِذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَا رَسُولِهِ وَلَا الْمُؤْمِنِينَ وَلِيجَةً ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца луьйцуш)? Далла хӀинца а шух гӀазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъмин нах а битина, кхин доттагӀий ца лийцинарш а ца бевзина (нахана гучубохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аш дийриг
9:16
Гочдар: Магомед Магомедов