Мусхаф., агӏо 100
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا قَوَّامِينَ بِالْقِسْطِ شُهَدَاءَ لِلَّهِ وَلَوْ عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ أَوِ الْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ ۚ إِنْ يَكُنْ غَنِيًّا أَوْ فَقِيرًا فَاللَّهُ أَوْلَىٰ بِهِمَا ۖ فَلَا تَتَّبِعُوا الْهَوَىٰ أَنْ تَعْدِلُوا ۚ وَإِنْ تَلْوُوا أَوْ تُعْرِضُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца тешалла деш Далла - шена тIехь делахь а, я шайн дена-нанна тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а. И /шена тхь тешалла деш верг/ хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннал /лерам бан/ хьакъ верг (дика хууш ву царна шинна пайдане дерг; уьш шиъ а Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна – шу /бакъдолчух/ дIатовжа кхерамна. Аш /тешалла/ хийцадахь я /и тешалла дан шу/ дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш
4:135 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي نَزَّلَ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي أَنْزَلَ مِنْ قَبْلُ ۚ وَمَنْ يَكْفُرْ بِاللَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا
ХIай ийман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а цатешнарг – и тила ма велла генарчу (крггерачу) тиларца
4:136 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ سَبِيلًا
Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керстадеш‚ юха а тешаш‚ юха а керстадеш‚ тIаккха керстадарца совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш а‚ уьш нисбийр болуш а нийсачу новкъа
4:137 -
بَشِّرِ الْمُنَافِقِينَ بِأَنَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
Ахь кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца
4:138 -
الَّذِينَ يَتَّخِذُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَيَبْتَغُونَ عِنْدَهُمُ الْعِزَّةَ فَإِنَّ الْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا
Ишттанаш бу уьш, муъмин нах битина, ца тешаш берш шайна доттагIий лийцинарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге а Делан ма ю!
4:139 -
وَقَدْ نَزَّلَ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ أَنْ إِذَا سَمِعْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ يُكْفَرُ بِهَا وَيُسْتَهْزَأُ بِهَا فَلَا تَقْعُدُوا مَعَهُمْ حَتَّىٰ يَخُوضُوا فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ ۚ إِنَّكُمْ إِذًا مِثْلُهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ جَامِعُ الْمُنَافِقِينَ وَالْكَافِرِينَ فِي جَهَنَّمَ جَمِيعًا
Цо (Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, – уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта, – шу, баккъалла а, уьш санна ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь – берриге а
4:140
Гочдар: Магомед Магомедов