Мусхаф., агӏо 99
-
وَإِنِ امْرَأَةٌ خَافَتْ مِنْ بَعْلِهَا نُشُوزًا أَوْ إِعْرَاضًا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَنْ يُصْلِحَا بَيْنَهُمَا صُلْحًا ۚ وَالصُّلْحُ خَيْرٌ ۗ وَأُحْضِرَتِ الْأَنْفُسُ الشُّحَّ ۚ وَإِنْ تُحْسِنُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь, майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шинна (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовший юккъехь маслахьат дарх‚ маслахьат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш
4:128 -
وَلَنْ تَسْتَطِيعُوا أَنْ تَعْدِلُوا بَيْنَ النِّسَاءِ وَلَوْ حَرَصْتُمْ ۖ فَلَا تَمِيلُوا كُلَّ الْمَيْلِ فَتَذَرُوهَا كَالْمُعَلَّقَةِ ۚ وَإِنْ تُصْلِحُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударшна юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а. ДIа ма дерза /шайна ца езачу зудчух/ кхоччуш, аш и юьтуш /хIаваэхь/ кхазаелларг санна. Аш маслахьат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
4:129 -
وَإِنْ يَتَفَرَّقَا يُغْنِ اللَّهُ كُلًّا مِنْ سَعَتِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ وَاسِعًا حَكِيمًا
И шиъ (майра а‚ зуда а) къастахь – Дала лур ду /царах/ хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукам /нийса/ деш а
4:130 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ وَصَّيْنَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَإِيَّاكُمْ أَنِ اتَّقُوا اللَّهَ ۚ وَإِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَنِيًّا حَمِيدًا
Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аш керстадахь – цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а
4:131 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла /Шен лайн Iамалш/ Iалаш еш верг хилар
4:132 -
إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ أَيُّهَا النَّاسُ وَيَأْتِ بِآخَرِينَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ قَدِيرًا
Шена лиъча‚ шу дIадōхур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш бāлор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш
4:133 -
مَنْ كَانَ يُرِيدُ ثَوَابَ الدُّنْيَا فَعِنْدَ اللَّهِ ثَوَابُ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا بَصِيرًا
Дуьненан мēла безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан мēла а‚ эхартан мēла а. Дела хилла хезаш верг а‚ гуш верг а
4:134
Гочдар: Магомед Магомедов