Мусхаф., агӏо 106

  1. يَسْتَفْتُونَكَ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِي الْكَلَالَةِ ۚ إِنِ امْرُؤٌ هَلَكَ لَيْسَ لَهُ وَلَدٌ وَلَهُ أُخْتٌ فَلَهَا نِصْفُ مَا تَرَكَ ۚ وَهُوَ يَرِثُهَا إِنْ لَمْ يَكُنْ لَهَا وَلَدٌ ۚ فَإِنْ كَانَتَا اثْنَتَيْنِ فَلَهُمَا الثُّلُثَانِ مِمَّا تَرَكَ ۚ وَإِنْ كَانُوا إِخْوَةً رِجَالًا وَنِسَاءً فَلِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنْثَيَيْنِ ۗ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ أَنْ تَضِلُّوا ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца хаттаршна. Ахь āла: 'Дала кхетор ду шу шен доьзалхо я да, буха а ца вуьсуш, веллачун хьокъехь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ бухавуьсуш шен доьзалхо а, /да а/ воцуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриг ирс‚ нагахь санна цуьнан (йишин) доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – цу шинна, кхо дāкъа дина, ши дāкъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дāкъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу тила цадалархьама. И Дела массо а хIума хууш ву

    4:176
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَوْفُوا بِالْعُقُودِ ۚ أُحِلَّتْ لَكُمْ بَهِيمَةُ الْأَنْعَامِ إِلَّا مَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ غَيْرَ مُحِلِّي الصَّيْدِ وَأَنْتُمْ حُرُمٌ ۗ إِنَّ اللَّهَ يَحْكُمُ مَا يُرِيدُ

    ХIай ийман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш. Хьанал дина шуна хьайбанаш, шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам дихкина долуш, таллар дина экха доцург а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву Шена луъург

    5:1
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُحِلُّوا شَعَائِرَ اللَّهِ وَلَا الشَّهْرَ الْحَرَامَ وَلَا الْهَدْيَ وَلَا الْقَلَائِدَ وَلَا آمِّينَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنْ رَبِّهِمْ وَرِضْوَانًا ۚ وَإِذَا حَلَلْتُمْ فَاصْطَادُوا ۚ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ أَنْ صَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ أَنْ تَعْتَدُوا ۘ وَتَعَاوَنُوا عَلَى الْبِرِّ وَالتَّقْوَىٰ ۖ وَلَا تَعَاوَنُوا عَلَى الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ХIай ийман диллинарш! Аш хьанал ма де Делан Iадаташ (Дала хьарам динарг хьанал ма де)‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжцIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу хьайбанаш а‚ Хьарме баьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болчу /лара уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьжалла даьстича, таллар де шайна акхарошна. /Хьалха/ шу Деза Маьждиге ца дуьтуш хилла болчаьрга шун хиллачу цабезамо шу ма дуьгийла /хIинца/ царна тIелата (Делан дозанех довларна тIе). Аш вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аш вовшийн гIо ма лаца къинна тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву бекхам барехь

    5:2

Гочдар: Магомед Магомедов