Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий)

  1. الَّذِينَ يَتَرَبَّصُونَ بِكُمْ فَإِنْ كَانَ لَكُمْ فَتْحٌ مِنَ اللَّهِ قَالُوا أَلَمْ نَكُنْ مَعَكُمْ وَإِنْ كَانَ لِلْكَافِرِينَ نَصِيبٌ قَالُوا أَلَمْ نَسْتَحْوِذْ عَلَيْكُمْ وَنَمْنَعْكُمْ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ۚ فَاللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَلَنْ يَجْعَلَ اللَّهُ لِلْكَافِرِينَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ سَبِيلًا

    Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: 'Ткъа тхо а дацара шуьца?' Нагахь санна цатешачарна дāкъа хилча‚ олу: 'Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъмин нахах?' Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Цкъа а цатешачарна муъмин нахана тIехь некъ лур бац Дала

    4:141
  2. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَهُوَ خَادِعُهُمْ وَإِذَا قَامُوا إِلَى الصَّلَاةِ قَامُوا كُسَالَىٰ يُرَاءُونَ النَّاسَ وَلَا يَذْكُرُونَ اللَّهَ إِلَّا قَلِيلًا

    Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара

    4:142
  3. مُذَبْذَبِينَ بَيْنَ ذَٰلِكَ لَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ وَلَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا

    Уьш лесташ (дсахьийзаш) бу оцунна (ийманна а, керстаналлина а) юккъехь: хIокхарах а (муъмин нахах а) ца кхета‚ вукхарах а (керстанех а) ца кхета. Ша Дала тилвала витинчунна хьуна карронне а карор ма бац /и нисван/ некъ

    4:143
  4. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَتُرِيدُونَ أَنْ تَجْعَلُوا لِلَّهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا مُبِينًا

    ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца цатешарш, доттагIий бай, муъмин нах битий. Шу лууш ду Дала шайна тIехь билггала делил дан?

    4:144
  5. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ فِي الدَّرْكِ الْأَسْفَلِ مِنَ النَّارِ وَلَنْ تَجِدَ لَهُمْ نَصِيرًا

    Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цIеран уггар бухарчу тгнна (гта) тхь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гIоьнча

    4:145
  6. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَاعْتَصَمُوا بِاللَّهِ وَأَخْلَصُوا دِينَهُمْ لِلَّهِ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَسَوْفَ يُؤْتِ اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ أَجْرًا عَظِيمًا

    Шаьш тōба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIбелла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъмин нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъмин нахана сийлахь-йоккха ял

    4:146
  7. مَا يَفْعَلُ اللَّهُ بِعَذَابِكُمْ إِنْ شَكَرْتُمْ وَآمَنْتُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ شَاكِرًا عَلِيمًا

    ХIун дийр ду Дала шуна Iазап дина, баркалла олуш а, тешаш а шу хилча? И Дела хилла баркалле верг а‚ хууш верг а

    4:147
  8. لَا يُحِبُّ اللَّهُ الْجَهْرَ بِالسُّوءِ مِنَ الْقَوْلِ إِلَّا مَنْ ظُلِمَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا عَلِيمًا

    Далла ца деза вон хабарш даржадар‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш верг а‚ хууш верг а

    4:148
  9. إِنْ تُبْدُوا خَيْرًا أَوْ تُخْفُوهُ أَوْ تَعْفُوا عَنْ سُوءٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا قَدِيرًا

    Аш гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь /шена вон динчунна/ вониг, – /мела бу шуна/. Баккъалла а, и Дела Ша ма хилла гечдеш верг а‚ ницкъ кхочуш верг а

    4:149
  10. إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيُرِيدُونَ أَنْ يُفَرِّقُوا بَيْنَ اللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيَقُولُونَ نُؤْمِنُ بِبَعْضٍ وَنَكْفُرُ بِبَعْضٍ وَيُرِيدُونَ أَنْ يَتَّخِذُوا بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًا

    Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: 'Теша тхо цхьаболчарах‚ ца теша тхо вукхарах'‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца (карабан) –

    4:150
  11. أُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ حَقًّا ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا

    Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаза долу Iазап

    4:151
  12. وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَلَمْ يُفَرِّقُوا بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ أُولَٰئِكَ سَوْفَ يُؤْتِيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царах цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лур ерш. И Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    4:152
  13. يَسْأَلُكَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَنْ تُنَزِّلَ عَلَيْهِمْ كِتَابًا مِنَ السَّمَاءِ ۚ فَقَدْ سَأَلُوا مُوسَىٰ أَكْبَرَ مِنْ ذَٰلِكَ فَقَالُوا أَرِنَا اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ بِظُلْمِهِمْ ۚ ثُمَّ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ فَعَفَوْنَا عَنْ ذَٰلِكَ ۚ وَآتَيْنَا مُوسَىٰ سُلْطَانًا مُبِينًا

    Хьоьга доьху жайнан охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: 'Дела гайта тхоьга гуччахь'. ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эса схьалецира цара (бадат дан) шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билггал делил

    4:153
  14. وَرَفَعْنَا فَوْقَهُمُ الطُّورَ بِمِيثَاقِهِمْ وَقُلْنَا لَهُمُ ادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا وَقُلْنَا لَهُمْ لَا تَعْدُوا فِي السَّبْتِ وَأَخَذْنَا مِنْهُمْ مِيثَاقًا غَلِيظًا

    Церан тIехула лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацийтархьама/‚ Оха элира цаьрга: 'НеIарехула чоьхьадовла, сужуд деш'. Элира Оха цаьрга: '/Делан/ дозанех ма довлалаш шоьтдийнахь'. Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха

    4:154
  15. فَبِمَا نَقْضِهِمْ مِيثَاقَهُمْ وَكُفْرِهِمْ بِآيَاتِ اللَّهِ وَقَتْلِهِمُ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَقَوْلِهِمْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ طَبَعَ اللَّهُ عَلَيْهَا بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан 'тхан дегнаш мужулт (хьарчийна) ду', аьлла, дош бахьанехь /Дала неIалт аьлла царна/. Дала мухIар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Iеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац

    4:155
  16. وَبِكُفْرِهِمْ وَقَوْلِهِمْ عَلَىٰ مَرْيَمَ بُهْتَانًا عَظِيمًا

    Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямах лаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неIалт аьлла царна/

    4:156
  17. وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللَّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَٰكِنْ شُبِّهَ لَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ ۚ مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلَّا اتِّبَاعَ الظَّنِّ ۚ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا

    Церан: 'Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кIант Iийса Делан элча', – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьахIоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,

    4:157
  18. بَلْ رَفَعَهُ اللَّهُ إِلَيْهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    4:158
  19. وَإِنْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلَّا لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا

    Жайнин охIланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш

    4:159
  20. فَبِظُلْمٍ مِنَ الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ كَثِيرًا

    Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а

    4:160

Гочдар: Магомед Магомедов