Мусхаф., агӏо 122

  1. وَإِذَا سَمِعُوا مَا أُنْزِلَ إِلَى الرَّسُولِ تَرَىٰ أَعْيُنَهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ مِمَّا عَرَفُوا مِنَ الْحَقِّ ۖ يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ

    Шайна хезча элчане доссийнарг, хьуна го церан бIаьргаш бIаьрхийх буьзна шайна девзинчу бакъдолчух. Цара олу: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Оха ийман диллина. Ахь дIаязделахь тхо шахIадат далочаьрца

    5:83
  2. وَمَا لَنَا لَا نُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَمَا جَاءَنَا مِنَ الْحَقِّ وَنَطْمَعُ أَنْ يُدْخِلَنَا رَبُّنَا مَعَ الْقَوْمِ الصَّالِحِينَ

    Тхуна хIун ду ца теша Деле а‚ Цо тхоьга деъначу бакъдолчуьнга а‚ тхо чIогIа лууш ду тхан Кхиош-кхобучо тхо чудохуьйтийла дикачу къомаца /ялсаманичу/ '

    5:84
  3. فَأَثَابَهُمُ اللَّهُ بِمَا قَالُوا جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْمُحْسِنِينَ

    Дала мēла белира царна цара аьллачунна дуьхьал – (ялсаманин) бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. И бу дикачеран бекхам

    5:85
  4. وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ

    Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харц динарш а – уьш бу жоьжахатин дай

    5:86
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُحَرِّمُوا طَيِّبَاتِ مَا أَحَلَّ اللَّهُ لَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш хьарам ма елаш Дала шайн хьанал йина цIена хIуманаш‚ шу /Делан/ дозанех ма довлалаш. Баккъалла а, Далла ца беза /Шен/ дозанех бовлурш

    5:87
  6. وَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي أَنْتُمْ بِهِ مُؤْمِنُونَ

    Аш даа Оха шайна деллачу рицкъанах хьанал а, цIена а дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех тешаш волчу

    5:88
  7. لَا يُؤَاخِذُكُمُ اللَّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَٰكِنْ يُؤَاخِذُكُمْ بِمَا عَقَّدْتُمُ الْأَيْمَانَ ۖ فَكَفَّارَتُهُ إِطْعَامُ عَشَرَةِ مَسَاكِينَ مِنْ أَوْسَطِ مَا تُطْعِمُونَ أَهْلِيكُمْ أَوْ كِسْوَتُهُمْ أَوْ تَحْرِيرُ رَقَبَةٍ ۖ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ ۚ ذَٰلِكَ كَفَّارَةُ أَيْمَانِكُمْ إِذَا حَلَفْتُمْ ۚ وَاحْفَظُوا أَيْمَانَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо лоцу шу (бехке) дуйнашца аш чIагIдина хиллачуьнца. Цуьнан каффарат ду итт мискачунна кхача баор‚ юкъара аш шайн охIланна баош ма хуьлу, я царна духар далар а‚ я лай азатваккхар (паргтваккхар)а. И ца карийначунна – кхаа дийнахь марха кхабар. И ду, аш биъча, шун дуйнийн каффарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш

    5:89

Гочдар: Магомед Магомедов