Мусхаф., агӏо 123
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّمَا الْخَمْرُ وَالْمَيْسِرُ وَالْأَنْصَابُ وَالْأَزْلَامُ رِجْسٌ مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ فَاجْتَنِبُوهُ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХIай ийман диллинарш! ЧагIар а‚ майсир а‚ цIуш а‚ пхерчий а – шайтIанан белхан рижс (боьха хма) ю‚ генадовла цунна – шу даккхийде тарло
5:90 -
إِنَّمَا يُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُوقِعَ بَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ فِي الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ وَيَصُدَّكُمْ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ وَعَنِ الصَّلَاةِ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُنْتَهُونَ
ШайтIанна лаьа чагIарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагIалла а‚ оьгIазло а йожо‚ Делан цIе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а. Аш ца соцуьйту?!
5:91 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَاحْذَرُوا ۚ فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّمَا عَلَىٰ رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу дIадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тIехь ду билгала дIакхачор
5:92 -
لَيْسَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جُنَاحٌ فِيمَا طَعِمُوا إِذَا مَا اتَّقَوْا وَآمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ثُمَّ اتَّقَوْا وَآمَنُوا ثُمَّ اتَّقَوْا وَأَحْسَنُوا ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна къа дац цара /хьалха/ диъначунна уьш кхоьруш хилча‚ ийман а диллича‚ дика Iамалш а йича‚ тIаккха а кхоьруш хилча‚ ийман диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш берш
5:93 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَيَبْلُوَنَّكُمُ اللَّهُ بِشَيْءٍ مِنَ الصَّيْدِ تَنَالُهُ أَيْدِيكُمْ وَرِمَاحُكُمْ لِيَعْلَمَ اللَّهُ مَنْ يَخَافُهُ بِالْغَيْبِ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَلَهُ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Зенне а зуьйр ма ду шу Дала таллар дечу хIуманца (хьоза я кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тIекхиъна долчу, Далла вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тIаьхьа дозанах ваьлларг – цунна лазош долу Iазап ду
5:94 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْتُلُوا الصَّيْدَ وَأَنْتُمْ حُرُمٌ ۚ وَمَنْ قَتَلَهُ مِنْكُمْ مُتَعَمِّدًا فَجَزَاءٌ مِثْلُ مَا قَتَلَ مِنَ النَّعَمِ يَحْكُمُ بِهِ ذَوَا عَدْلٍ مِنْكُمْ هَدْيًا بَالِغَ الْكَعْبَةِ أَوْ كَفَّارَةٌ طَعَامُ مَسَاكِينَ أَوْ عَدْلُ ذَٰلِكَ صِيَامًا لِيَذُوقَ وَبَالَ أَمْرِهِ ۗ عَفَا اللَّهُ عَمَّا سَلَفَ ۚ وَمَنْ عَادَ فَيَنْتَقِمُ اللَّهُ مِنْهُ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
ХIай ийман диллинарш! Аш дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьждихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам /сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я /цуьнан бекхам бу/ каффарат дар – мискачу нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха кхабар‚ шен гIуллакхан бāла Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Юха а цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза верг а ву‚ бекхам оьцуш а ву
5:95
Гочдар: Магомед Магомедов