Мусхаф., агӏо 132

  1. إِنَّمَا يَسْتَجِيبُ الَّذِينَ يَسْمَعُونَ ۘ وَالْمَوْتَىٰ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ ثُمَّ إِلَيْهِ يُرْجَعُونَ

    /Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду, баккъалла а, хезаш болчара. Ткъа белларш – Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу

    6:36
  2. وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۚ قُلْ إِنَّ اللَّهَ قَادِرٌ عَلَىٰ أَنْ يُنَزِّلَ آيَةً وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Цара элира: 'Шен Кхиош-кхобучуьнгара аят доссош хиллехьара цуьнга'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу'

    6:37
  3. وَمَا مِنْ دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا طَائِرٍ يَطِيرُ بِجَنَاحَيْهِ إِلَّا أُمَمٌ أَمْثَالُكُمْ ۚ مَا فَرَّطْنَا فِي الْكِتَابِ مِنْ شَيْءٍ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يُحْشَرُونَ

    Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIема долуш шен тIемашца – шаьш шу санна умматаш долуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайни чохь. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу

    6:38
  4. وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا صُمٌّ وَبُكْمٌ فِي الظُّلُمَاتِ ۗ مَنْ يَشَإِ اللَّهُ يُضْلِلْهُ وَمَنْ يَشَأْ يَجْعَلْهُ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо

    6:39
  5. قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ أَوْ أَتَتْكُمُ السَّاعَةُ أَغَيْرَ اللَّهِ تَدْعُونَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ахь āла: 'Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьт шайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара Аш, шу хиллехь бакълуьйш?'

    6:40
  6. بَلْ إِيَّاهُ تَدْعُونَ فَيَكْشِفُ مَا تَدْعُونَ إِلَيْهِ إِنْ شَاءَ وَتَنْسَوْنَ مَا تُشْرِكُونَ

    ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дара Цо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар

    6:41
  7. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِنْ قَبْلِكَ فَأَخَذْنَاهُمْ بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَتَضَرَّعُونَ

    Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те?

    6:42
  8. فَلَوْلَا إِذْ جَاءَهُمْ بَأْسُنَا تَضَرَّعُوا وَلَٰكِنْ قَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтIано шаьш деш хилларг

    6:43
  9. فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ أَبْوَابَ كُلِّ شَيْءٍ حَتَّىٰ إِذَا فَرِحُوا بِمَا أُوتُوا أَخَذْنَاهُمْ بَغْتَةً فَإِذَا هُمْ مُبْلِسُونَ

    Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо а /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара дог диллира массо а диканах

    6:44

Гочдар: Магомед Магомедов