Мусхаф., агӏо 131

  1. بَلْ بَدَا لَهُمْ مَا كَانُوا يُخْفُونَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَوْ رُدُّوا لَعَادُوا لِمَا نُهُوا عَنْهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Хъ, гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а, шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу

    6:28
  2. وَقَالُوا إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ

    Цара ма олура: 'ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац'

    6:29
  3. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ قَالَ أَلَيْسَ هَٰذَا بِالْحَقِّ ۚ قَالُوا بَلَىٰ وَرَبِّنَا ۚ قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Хьуна уьш гича шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIиттийна! Цо олуш: 'Бакъ дац ткъа хIара?' Цара олуш: 'ХIаъ‚ ду тхо Кхиош-кхобучу Делора'. Цо олуш: 'Iовша шайна Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!'

    6:30
  4. قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِلِقَاءِ اللَّهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءَتْهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً قَالُوا يَا حَسْرَتَنَا عَلَىٰ مَا فَرَّطْنَا فِيهَا وَهُمْ يَحْمِلُونَ أَوْزَارَهُمْ عَلَىٰ ظُهُورِهِمْ ۚ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ

    Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цIеххьана шайна сахьт хIоьттича, элира цара: 'Ма бала бу-кх вайна вай ша тергал ца динарг бахьанехь'. Цара дIахьур ду шайн къинош шайн баккъаш тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг!

    6:31
  5. وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۖ وَلَلدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Дуьненан дахар ма дац ловзар а, эрна хан яйар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?

    6:32
  6. قَدْ نَعْلَمُ إِنَّهُ لَيَحْزُنُكَ الَّذِي يَقُولُونَ ۖ فَإِنَّهُمْ لَا يُكَذِّبُونَكَ وَلَٰكِنَّ الظَّالِمِينَ بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ

    Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а сингаттаме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу, Делан аяташ керстадеш

    6:33
  7. وَلَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ فَصَبَرُوا عَلَىٰ مَا كُذِّبُوا وَأُوذُوا حَتَّىٰ أَتَاهُمْ نَصْرُنَا ۚ وَلَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِ اللَّهِ ۚ وَلَقَدْ جَاءَكَ مِنْ نَبَإِ الْمُرْسَلِينَ

    Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо кхаччалц. Делан дешнаш хийца цхьа а вац. Хьоьга ма деъна элчанийн хабар

    6:34
  8. وَإِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكَ إِعْرَاضُهُمْ فَإِنِ اسْتَطَعْتَ أَنْ تَبْتَغِيَ نَفَقًا فِي الْأَرْضِ أَوْ سُلَّمًا فِي السَّمَاءِ فَتَأْتِيَهُمْ بِآيَةٍ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَمَعَهُمْ عَلَى الْهُدَىٰ ۚ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْجَاهِلِينَ

    Уьш дIаберзар хьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь хералла‚ я стигла вала лами каро, тIаккха ахь дахьар дара цаьрга цхьа аят (делил). Далла лиънехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу новкъа. Хьо хиланне а ма хилалахь жехIалчу нахах

    6:35

Гочдар: Магомед Магомедов