Мусхаф., агӏо 140

  1. إِنَّ اللَّهَ فَالِقُ الْحَبِّ وَالنَّوَىٰ ۖ يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَمُخْرِجُ الْمَيِّتِ مِنَ الْحَيِّ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    Баккъалла а, Дела ву хIу а‚ лаг а схьадоьллуш верг. Дийнадерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Iехош ду /харцдолчо/!?

    6:95
  2. فَالِقُ الْإِصْبَاحِ وَجَعَلَ اللَّيْلَ سَكَنًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ حُسْبَانًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ

    Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина /ханна-заманна лерина/ хьесапна. И бу Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам

    6:96
  3. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ النُّجُومَ لِتَهْتَدُوا بِهَا فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана

    6:97
  4. وَهُوَ الَّذِي أَنْشَأَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ فَمُسْتَقَرٌّ وَمُسْتَوْدَعٌ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَفْقَهُونَ

    И ву шу кхиийна цхьана сих (Āдамах)‚ тккха /шена/ чIагIдалар а‚ лашдалар а хуьлуш. Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана

    6:98
  5. وَهُوَ الَّذِي أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ نَبَاتَ كُلِّ شَيْءٍ فَأَخْرَجْنَا مِنْهُ خَضِرًا نُخْرِجُ مِنْهُ حَبًّا مُتَرَاكِبًا وَمِنَ النَّخْلِ مِنْ طَلْعِهَا قِنْوَانٌ دَانِيَةٌ وَجَنَّاتٍ مِنْ أَعْنَابٍ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُشْتَبِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۗ انْظُرُوا إِلَىٰ ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَيَنْعِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكُمْ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца ккхиира Оха массо а тайпа орамат‚ цунах хасстоьмаш а къастийра Оха‚ кхиадо цунах буьртигаш тIеттIа. Хурманан дитта тхь кхуьу хурманан кенаш‚ /хуьлуьйту Цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийн а бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ хуьлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана

    6:99
  6. وَجَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ الْجِنَّ وَخَلَقَهُمْ ۖ وَخَرَقُوا لَهُ بَنِينَ وَبَنَاتٍ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يَصِفُونَ

    Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара (тешаш боцчу наха) цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кIентий а‚ мехкарий /бу Цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ лакхавели И цара дечу (харц) сибатех

    6:100
  7. بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ وَلَدٌ وَلَمْ تَكُنْ لَهُ صَاحِبَةٌ ۖ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо ? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хIума. Массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза

    6:101

Гочдар: Магомед Магомедов