Мусхаф., агӏо 139

  1. وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ إِذْ قَالُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ عَلَىٰ بَشَرٍ مِنْ شَيْءٍ ۗ قُلْ مَنْ أَنْزَلَ الْكِتَابَ الَّذِي جَاءَ بِهِ مُوسَىٰ نُورًا وَهُدًى لِلنَّاسِ ۖ تَجْعَلُونَهُ قَرَاطِيسَ تُبْدُونَهَا وَتُخْفُونَ كَثِيرًا ۖ وَعُلِّمْتُمْ مَا لَمْ تَعْلَمُوا أَنْتُمْ وَلَا آبَاؤُكُمْ ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ ثُمَّ ذَرْهُمْ فِي خَوْضِهِمْ يَلْعَبُونَ

    Далла хьакъ болу мах ца хадийра цара, шаьш олуш: 'Дала ца доссийна стаге хIумма а'. Ахь āла: 'Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веана волу‚ нур а нийса некъ хилла болу нахана? Аш цунна тептарш до: цхьадерг гуча а доккхуш‚ дукхадерг хьул а деш. Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а цахуург'. Ахь āла: 'Дала' /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловзуш

    6:91
  2. وَهَٰذَا كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ مُصَدِّقُ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَلِتُنْذِرَ أُمَّ الْقُرَىٰ وَمَنْ حَوْلَهَا ۚ وَالَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَهُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ

    ХIара жайна а‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш‚ яртийн нанна а‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса. Эхартах тешаш берш теша цунах (Къръанах). Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу

    6:92
  3. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ قَالَ أُوحِيَ إِلَيَّ وَلَمْ يُوحَ إِلَيْهِ شَيْءٌ وَمَنْ قَالَ سَأُنْزِلُ مِثْلَ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ ۗ وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الظَّالِمُونَ فِي غَمَرَاتِ الْمَوْتِ وَالْمَلَائِكَةُ بَاسِطُو أَيْدِيهِمْ أَخْرِجُوا أَنْفُسَكُمُ ۖ الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنْتُمْ تَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ غَيْرَ الْحَقِّ وَكُنْتُمْ عَنْ آيَاتِهِ تَسْتَكْبِرُونَ

    Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: 'Шега ваьхьий деана'‚ ваьхьех хIумма а ца деана цуьнга, аьллачул а: 'Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг'. Хьуна гича и зуламхой сауьйзуш‚ маликаш церан куьйгаш даржош /олуш/: 'Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аш Далла тIехь бакъдоцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех курадовлуш хиларна”

    6:93
  4. وَلَقَدْ جِئْتُمُونَا فُرَادَىٰ كَمَا خَلَقْنَاكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَتَرَكْتُمْ مَا خَوَّلْنَاكُمْ وَرَاءَ ظُهُورِكُمْ ۖ وَمَا نَرَىٰ مَعَكُمْ شُفَعَاءَكُمُ الَّذِينَ زَعَمْتُمْ أَنَّهُمْ فِيكُمْ شُرَكَاءُ ۚ لَقَدْ تَقَطَّعَ بَيْنَكُمْ وَضَلَّ عَنْكُمْ مَا كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ

    Шу даьхкина Тхуна тIе цхьацца, Оха шу ма дуьххьара ма кхоллара. Аш дитира Оха шайна делларг шайн тIēхьахь. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг

    6:94

Гочдар: Магомед Магомедов