Мусхаф., агӏо 16
-
وَاتَّبَعُوا مَا تَتْلُو الشَّيَاطِينُ عَلَىٰ مُلْكِ سُلَيْمَانَ ۖ وَمَا كَفَرَ سُلَيْمَانُ وَلَٰكِنَّ الشَّيَاطِينَ كَفَرُوا يُعَلِّمُونَ النَّاسَ السِّحْرَ وَمَا أُنْزِلَ عَلَى الْمَلَكَيْنِ بِبَابِلَ هَارُوتَ وَمَارُوتَ ۚ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنْ أَحَدٍ حَتَّىٰ يَقُولَا إِنَّمَا نَحْنُ فِتْنَةٌ فَلَا تَكْفُرْ ۖ فَيَتَعَلَّمُونَ مِنْهُمَا مَا يُفَرِّقُونَ بِهِ بَيْنَ الْمَرْءِ وَزَوْجِهِ ۚ وَمَا هُمْ بِضَارِّينَ بِهِ مِنْ أَحَدٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَيَتَعَلَّمُونَ مَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنْفَعُهُمْ ۚ وَلَقَدْ عَلِمُوا لَمَنِ اشْتَرَاهُ مَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ خَلَاقٍ ۚ وَلَبِئْسَ مَا شَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
Уьш тIаьхьа ма хIиттира Сулейманан паччахьаллехь шайтIанаша шайна дуьйцаш долчу бозбуунчаллина. Сулеймана керста ца дира‚ амма шайтIанаша керстадира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь шина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: 'Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь'. ТIаккха цара цу шингара (ХIарутера а‚ Марутера а) Iама ма дора мар а‚ зуда а вовшахдаккхар. Цара ма ца до цуьнца (бозбуунчаллица) зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна (жуьгташна) хиира и эцначарна эхартахь цхьа а дакъа цахилар. Ма вон хIума ду-кх и, цара шайн синойх эцнарг‚ царна хууш хиллехьара
2:102 -
وَلَوْ أَنَّهُمْ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَمَثُوبَةٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ خَيْرٌ ۖ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера мēла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара
2:103 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقُولُوا رَاعِنَا وَقُولُوا انْظُرْنَا وَاسْمَعُوا ۗ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Аш ма āла /пайхамаре/: 'Тхан гйг бе'. Аш āла: 'Тхоьга хьажа'‚ ла а догIа. Цатешачарна лазош долу Iазап /хир/ ду
2:104 -
مَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَلَا الْمُشْرِكِينَ أَنْ يُنَزَّلَ عَلَيْكُمْ مِنْ خَيْرٍ مِنْ رَبِّكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Жайнан охах а‚ мушрикех а болчу цатешначарна ма ца деза шуна шаьш Кхиош-кхобучуьнгара /цхьа а/ диканиг досса. Дала къаставо /пайхамар хила а, кхин диканиг дала а/ Шен къинхетамца Шена луург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву
2:105
Гочдар: Магомед Магомедов