Мусхаф., агӏо 17

  1. مَا نَنْسَخْ مِنْ آيَةٍ أَوْ نُنْسِهَا نَأْتِ بِخَيْرٍ مِنْهَا أَوْ مِثْلِهَا ۗ أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар?

    2:106
  2. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а

    2:107
  3. أَمْ تُرِيدُونَ أَنْ تَسْأَلُوا رَسُولَكُمْ كَمَا سُئِلَ مُوسَىٰ مِنْ قَبْلُ ۗ وَمَنْ يَتَبَدَّلِ الْكُفْرَ بِالْإِيمَانِ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ

    Я шуна лаьа шайн элчане (Мухьаммаде) деха‚ хьалха Мусага /жуьгташа шайна Дела гайта, аьлла/ дехна ма-хиллара? Ийман цатешарца хуьйцуш верг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах

    2:108
  4. وَدَّ كَثِيرٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يَرُدُّونَكُمْ مِنْ بَعْدِ إِيمَانِكُمْ كُفَّارًا حَسَدًا مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْحَقُّ ۖ فَاعْفُوا وَاصْفَحُوا حَتَّىٰ يَأْتِيَ اللَّهُ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа а лиира жайнан охIланах дукхаболчарна, шайгара хьагI бахьанехь, ийман диллинчул тIаьхьа шу ийманах юхадаха. Къинтра довла /царна/‚ бита маьрша уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву

    2:109
  5. وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ ۚ وَمَا تُقَدِّمُوا لِأَنْفُسِكُمْ مِنْ خَيْرٍ تَجِدُوهُ عِنْدَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Ламаз хIоттаделаш‚ закат лōлаш‚ аш шайн догIмашна хьалха мел даьккхина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ма ву

    2:110
  6. وَقَالُوا لَنْ يَدْخُلَ الْجَنَّةَ إِلَّا مَنْ كَانَ هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ ۗ تِلْكَ أَمَانِيُّهُمْ ۗ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара элира: 'Ваханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгтех я насарех верг бен'. Иза церан дагахь дерг ду. Ахь āла: 'Даладе шайн делил‚ шаьш бакълуьйш хиллехь'

    2:111
  7. بَلَىٰ مَنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَلَهُ أَجْرُهُ عِنْدَ رَبِّهِ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    ХIаъ! /ГIур ву ялсамане/ шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика Iамал йинарг – цунна шен ял хир ма ю шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    2:112

Гочдар: Магомед Магомедов