Мусхаф., агӏо 163
-
وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْقُرَىٰ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَفَتَحْنَا عَلَيْهِمْ بَرَكَاتٍ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ وَلَٰكِنْ كَذَّبُوا فَأَخَذْنَاهُمْ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Яртийн охIлано иман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а, харцдина-кх цара /дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш карадеш хиллачуьнца
7:96 -
أَفَأَمِنَ أَهْلُ الْقُرَىٰ أَنْ يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا بَيَاتًا وَهُمْ نَائِمُونَ
Тешна юй-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе буса, шаьш наб еш лаьтташ‚ цадарна?
7:97 -
أَوَأَمِنَ أَهْلُ الْقُرَىٰ أَنْ يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا ضُحًى وَهُمْ يَلْعَبُونَ
Я тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Iазап шайна тIе цадарах Iуьйранна, шаьш ловзуш долуш?
7:98 -
أَفَأَمِنُوا مَكْرَ اللَّهِ ۚ فَلَا يَأْمَنُ مَكْرَ اللَّهِ إِلَّا الْقَوْمُ الْخَاسِرُونَ
Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна хир ма дац /шена/ зен деш долу къам бен
7:99 -
أَوَلَمْ يَهْدِ لِلَّذِينَ يَرِثُونَ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِ أَهْلِهَا أَنْ لَوْ نَشَاءُ أَصَبْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ ۚ وَنَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
И латта, шен дай /шайн къинош бахьанехь Дала хллакбинчул/ тьхьа, шайна ирсана кхаьчначарна билгал ца даьлла-те, Оха Тхайна лиъча, шайн къинош бахьанехь шайна таIзар дийр дуйла? Церан дегний тIе мухIар туху Оха – царна ца хеза
7:100 -
تِلْكَ الْقُرَىٰ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَائِهَا ۚ وَلَقَدْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْكَافِرِينَ
Оцу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе
7:101 -
وَمَا وَجَدْنَا لِأَكْثَرِهِمْ مِنْ عَهْدٍ ۖ وَإِنْ وَجَدْنَا أَكْثَرَهُمْ لَفَاسِقِينَ
Царах дукхахболчеран Тхуна ца карийра ваIда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царах дукхахберш песакъ нах
7:102 -
ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَظَلَمُوا بِهَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
ТIаккха царал тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхан аяташца – цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла боьханиг дечеран тьхье!
7:103 -
وَقَالَ مُوسَىٰ يَا فِرْعَوْنُ إِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Мусас элира: 'ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-кхобучуьнгара элча
7:104
Гочдар: Магомед Магомедов