Мусхаф., агӏо 162
-
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لَنُخْرِجَنَّكَ يَا شُعَيْبُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَكَ مِنْ قَرْيَتِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا ۚ قَالَ أَوَلَوْ كُنَّا كَارِهِينَ
Цуьнан къомах курабевлачеран элаша элира: 'Оха ваккханне а аравоккхур ма ву хьо‚ хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьана иман диллинарш а тхан юьртара‚ я шу тхан дине юхадоьрзур ма ду'. Цо элира: 'Тхо хиллехь безам боцуш?
7:88 -
قَدِ افْتَرَيْنَا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا إِنْ عُدْنَا فِي مِلَّتِكُمْ بَعْدَ إِذْ نَجَّانَا اللَّهُ مِنْهَا ۚ وَمَا يَكُونُ لَنَا أَنْ نَعُودَ فِيهَا إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ رَبُّنَا ۚ وَسِعَ رَبُّنَا كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۚ عَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْنَا ۚ رَبَّنَا افْتَحْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ قَوْمِنَا بِالْحَقِّ وَأَنْتَ خَيْرُ الْفَاتِحِينَ
Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине юхадирзича (хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-кхобучунна‚ лаахь бен. Массо а хIума Iилманца (хаарца) шорта дина тхан Кхиош-кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхо Кхиош-кхобург! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юккъехь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ дика достург ма ву-кх'
7:89 -
وَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لَئِنِ اتَّبَعْتُمْ شُعَيْبًا إِنَّكُمْ إِذًا لَخَاسِرُونَ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: 'Нагахь шу ШуIайбана тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха /шайна / зен деш ду-кх!'
7:90 -
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Iуьйренга ма бевлира уьш шайн цIеношкахь белла Iункар а беттабелла
7:91 -
الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۚ الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَانُوا هُمُ الْخَاسِرِينَ
ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ аьлла хеташ. ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш /шайна / зен деш
7:92 -
فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَاتِ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ ۖ فَكَيْفَ آسَىٰ عَلَىٰ قَوْمٍ كَافِرِينَ
И дIавирзира царах‚ элира: 'Сан къам! Сан Кхиош-кхобучун элчаналла шуьга дIакхачийна-кх ас‚ шуна хьехам а бина-кх. Ас муха синтем бойур бу цатешачу къомана дуьхьа?'
7:93 -
وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَبِيٍّ إِلَّا أَخَذْنَا أَهْلَهَا بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَضَّرَّعُونَ
Оха ца вахийтина /цхьанна/ юьрта цхьа а пайхамар шен охIла баланашца а‚ халонашца а схьалуьйцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те /Далла/?
7:94 -
ثُمَّ بَدَّلْنَا مَكَانَ السَّيِّئَةِ الْحَسَنَةَ حَتَّىٰ عَفَوْا وَقَالُوا قَدْ مَسَّ آبَاءَنَا الضَّرَّاءُ وَالسَّرَّاءُ فَأَخَذْنَاهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха уьш совбуьйлуш‚ цара элира: 'Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а'. ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира уьш /Iазапаца/, царна ца хаалуш
7:95
Гочдар: Магомед Магомедов