Мусхаф., агӏо 165
-
قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Цара элира: 'Оха иман дилли массо а Iаламан Кхиош-кхобучуьнга‚
7:121 -
رَبِّ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Мусан а, ХIарунан а Кхиош-кхобучуьнга'
7:122 -
قَالَ فِرْعَوْنُ آمَنْتُمْ بِهِ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَمَكْرٌ مَكَرْتُمُوهُ فِي الْمَدِينَةِ لِتُخْرِجُوا مِنْهَا أَهْلَهَا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
ФирIавнас элира: 'Аш иман дилли цуьнга, ас шайна пурба далале хьалха?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аш шаьш йина гIалина чуьра нах арабāхархьама‚ тIаьхьа хуур ду шуна
7:123 -
لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ ثُمَّ لَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац ас дуьхь-дуьхьала‚ тIаккха шу дерриге а ирхъухкур ду ас'
7:124 -
قَالُوا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنْقَلِبُونَ
Цара элира: 'Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзур ду
7:125 -
وَمَا تَنْقِمُ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِآيَاتِ رَبِّنَا لَمَّا جَاءَتْنَا ۚ رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَتَوَفَّنَا مُسْلِمِينَ
Ахь тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-кхобург! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахь далийталахь (хьуна) муьтхь хилла'
7:126 -
وَقَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِ فِرْعَوْنَ أَتَذَرُ مُوسَىٰ وَقَوْمَهُ لِيُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ وَيَذَرَكَ وَآلِهَتَكَ ۚ قَالَ سَنُقَتِّلُ أَبْنَاءَهُمْ وَنَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ وَإِنَّا فَوْقَهُمْ قَاهِرُونَ
ФирIавнан къоман элаша элира: 'Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахь лаьттахь доьхна хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан делий а дIатаса?' Цо элира: 'ТIаьхьа вай бойур бу церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ болуш ма ду'
7:127 -
قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ اسْتَعِينُوا بِاللَّهِ وَاصْبِرُوا ۖ إِنَّ الْأَرْضَ لِلَّهِ يُورِثُهَا مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ
Мусас шен къоме элира: 'Делаца гIо лаха аш‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю'
7:128 -
قَالُوا أُوذِينَا مِنْ قَبْلِ أَنْ تَأْتِيَنَا وَمِنْ بَعْدِ مَا جِئْتَنَا ۚ قَالَ عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يُهْلِكَ عَدُوَّكُمْ وَيَسْتَخْلِفَكُمْ فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
Цара элира: 'Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вāле а‚ хьо тхоьга веъначул тIаьхьа а'. Цо элира: 'Шун Кхиош-кхобуш волчо шун мостагI хIаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тIаккха Иза хьожур ву, шу муха мал еш хир ду '
7:129 -
وَلَقَدْ أَخَذْنَا آلَ فِرْعَوْنَ بِالسِّنِينَ وَنَقْصٍ مِنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь /йокъанца/ а‚ стоьмаш эшорца а – цара ойла ян там бара
7:130
Гочдар: Магомед Магомедов