Мусхаф., агӏо 166

  1. فَإِذَا جَاءَتْهُمُ الْحَسَنَةُ قَالُوا لَنَا هَٰذِهِ ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَطَّيَّرُوا بِمُوسَىٰ وَمَنْ مَعَهُ ۗ أَلَا إِنَّمَا طَائِرُهُمْ عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Шайга диканиг деъча‚ цара олура: 'ХIара тхуна ду'. Шайх вониг хьакхаделча‚ Мусана а, цуьнца болчарна а т вон туьдура цара и. Сема хилалаш: баккъалла а, царах хьакхалуш дерг (диканиг а, вониг а – дерриге а) Делера ма ду. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу

    7:131
  2. وَقَالُوا مَهْمَا تَأْتِنَا بِهِ مِنْ آيَةٍ لِتَسْحَرَنَا بِهَا فَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ

    Цара (ФарIавнан наха) элира: 'Муьлхха а делил ахь тхуна дāладахь а, тхуна шеца бозбуунчалла дархьама‚ тхо хьох тешар долуш дац хьуна'

    7:132
  3. فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الطُّوفَانَ وَالْجَرَادَ وَالْقُمَّلَ وَالضَّفَادِعَ وَالدَّمَ آيَاتٍ مُفَصَّلَاتٍ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ

    Оха царна тIехьажийра хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам

    7:133
  4. وَلَمَّا وَقَعَ عَلَيْهِمُ الرِّجْزُ قَالُوا يَا مُوسَى ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِنْدَكَ ۖ لَئِنْ كَشَفْتَ عَنَّا الرِّجْزَ لَنُؤْمِنَنَّ لَكَ وَلَنُرْسِلَنَّ مَعَكَ بَنِي إِسْرَائِيلَ

    Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: 'ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахь тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьох тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха'

    7:134
  5. فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الرِّجْزَ إِلَىٰ أَجَلٍ هُمْ بَالِغُوهُ إِذَا هُمْ يَنْكُثُونَ

    Оха шайна тIера Iазап шаьш /хIорда бухабохуьйту/ хан тIекхаччалц айдича, цара шайца бина хилла болу барт бохабо

    7:135
  6. فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا عَنْهَا غَافِلِينَ

    ТIаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIорда бухабахийтира уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш

    7:136
  7. وَأَوْرَثْنَا الْقَوْمَ الَّذِينَ كَانُوا يُسْتَضْعَفُونَ مَشَارِقَ الْأَرْضِ وَمَغَارِبَهَا الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۖ وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ الْحُسْنَىٰ عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ بِمَا صَبَرُوا ۖ وَدَمَّرْنَا مَا كَانَ يَصْنَعُ فِرْعَوْنُ وَقَوْمُهُ وَمَا كَانُوا يَعْرِشُونَ

    Оха ирсана елира заьIап хиллачу къомана шайна чохь/даха/ беркате хилийтина йолу дуьненан малхбаленаш а‚ цуьнан малхбузенаш а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан Кхиош-кхобучун хаза дош цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавнас а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалахттош хилларг а

    7:137

Гочдар: Магомед Магомедов