Мусхаф., агӏо 167
-
وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَائِيلَ الْبَحْرَ فَأَتَوْا عَلَىٰ قَوْمٍ يَعْكُفُونَ عَلَىٰ أَصْنَامٍ لَهُمْ ۚ قَالُوا يَا مُوسَى اجْعَلْ لَنَا إِلَٰهًا كَمَا لَهُمْ آلِهَةٌ ۚ قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ تَجْهَلُونَ
Оха Исраилан кIентий хIорда дехьабехира. ТIаккха уьш кхечира цхьана шайн цшна Iибадат деш долчу къомана тIе‚ цара (Исраилан кIенташ) элира: 'ХIай Муса! Тхуна Дела хилийта, церан делий санна'. Цо (Мусас) элира: 'Баккъалла а, ма жехIал къам ду-кх шу
7:138 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ مُتَبَّرٌ مَا هُمْ فِيهِ وَبَاطِلٌ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Баккъалла а, хIорш шаьш хиллачохь хIаллакьхир бу‚ харц ду цара деш хилларг'
7:139 -
قَالَ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِيكُمْ إِلَٰهًا وَهُوَ فَضَّلَكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
Цо (Мусас) элира: 'АллахI (цхьа Дела) воцург кхин дела лоху ткъа ас шуна? Цо шу даз ма дина /ниIматашца/ Iаламел
7:140 -
وَإِذْ أَنْجَيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ ۖ يُقَتِّلُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ
Дагадайта /хй Исраилан кнтий/: Цо клхьар ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура /шайна бацо/ шун зударий. Шуна цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучуьнгара зер ма ду
7:141 -
وَوَاعَدْنَا مُوسَىٰ ثَلَاثِينَ لَيْلَةً وَأَتْمَمْنَاهَا بِعَشْرٍ فَتَمَّ مِيقَاتُ رَبِّهِ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ۚ وَقَالَ مُوسَىٰ لِأَخِيهِ هَارُونَ اخْلُفْنِي فِي قَوْمِي وَأَصْلِحْ وَلَا تَتَّبِعْ سَبِيلَ الْمُفْسِدِينَ
ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочушхилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца. ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: 'Сан метта виса сан къомаца‚ маслахьат (диканиг) де‚ боьханиг дечеран новкъа ма хIотталахь'
7:142 -
وَلَمَّا جَاءَ مُوسَىٰ لِمِيقَاتِنَا وَكَلَّمَهُ رَبُّهُ قَالَ رَبِّ أَرِنِي أَنْظُرْ إِلَيْكَ ۚ قَالَ لَنْ تَرَانِي وَلَٰكِنِ انْظُرْ إِلَى الْجَبَلِ فَإِنِ اسْتَقَرَّ مَكَانَهُ فَسَوْفَ تَرَانِي ۚ فَلَمَّا تَجَلَّىٰ رَبُّهُ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُ دَكًّا وَخَرَّ مُوسَىٰ صَعِقًا ۚ فَلَمَّا أَفَاقَ قَالَ سُبْحَانَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُؤْمِنِينَ
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!'. Цо элира: 'Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а, хьажахь дIо ламане‚ цуьнан меттиг чIагIлахь – тIаккха Со гур ву хьуна'. Цуьнан Кхиош-кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша меттавеъча‚ цо элира: 'Хьо вонах цIанво ас‚ ас тōба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех хьалхарниг'
7:143
Гочдар: Магомед Магомедов