Мусхаф., агӏо 176
-
إِنَّ وَلِيِّيَ اللَّهُ الَّذِي نَزَّلَ الْكِتَابَ ۖ وَهُوَ يَتَوَلَّى الصَّالِحِينَ
Баккъалла а, сан доттагI (доладийриг) – Дела ву‚ Ша жайна доссош хилла волу‚ И ву дикачарех Iуналла деш верг'
7:196 -
وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَكُمْ وَلَا أَنْفُسَهُمْ يَنْصُرُونَ
Аш, И (Дела) а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гIо дан луш бац уьш‚ шайна гIо дийр долуш а бац
7:197 -
وَإِنْ تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ لَا يَسْمَعُوا ۖ وَتَرَاهُمْ يَنْظُرُونَ إِلَيْكَ وَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ
Аш шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш, – царна ца го
7:198 -
خُذِ الْعَفْوَ وَأْمُرْ بِالْعُرْفِ وَأَعْرِضْ عَنِ الْجَاهِلِينَ
КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах
7:199 -
وَإِمَّا يَنْزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۚ إِنَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, – Делаца ларвалар дēха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву
7:200 -
إِنَّ الَّذِينَ اتَّقَوْا إِذَا مَسَّهُمْ طَائِفٌ مِنَ الشَّيْطَانِ تَذَكَّرُوا فَإِذَا هُمْ مُبْصِرُونَ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво (зикр до) цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/
7:201 -
وَإِخْوَانُهُمْ يَمُدُّونَهُمْ فِي الْغَيِّ ثُمَّ لَا يُقْصِرُونَ
Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара (шайтIано а, цуьнан накъосташа а)‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь)
7:202 -
وَإِذَا لَمْ تَأْتِهِمْ بِآيَةٍ قَالُوا لَوْلَا اجْتَبَيْتَهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا أَتَّبِعُ مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ مِنْ رَبِّي ۚ هَٰذَا بَصَائِرُ مِنْ رَبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Ахь шайга аят ца деъча‚ олура: 'Айхьа хаьржина хиллехьара ахь /аят/'. Ахь āла: 'Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догIучу вехьена бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /Къуръан/ – шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана'
7:203 -
وَإِذَا قُرِئَ الْقُرْآنُ فَاسْتَمِعُوا لَهُ وَأَنْصِتُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Къуръан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло
7:204 -
وَاذْكُرْ رَبَّكَ فِي نَفْسِكَ تَضَرُّعًا وَخِيفَةً وَدُونَ الْجَهْرِ مِنَ الْقَوْلِ بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ وَلَا تَكُنْ مِنَ الْغَافِلِينَ
Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь (меллаша), /Цуьнга/ хьасталой‚ /Цунах/ кхоьруш‚ чIогIа доцчу озаца Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарах
7:205 -
إِنَّ الَّذِينَ عِنْدَ رَبِّكَ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيُسَبِّحُونَهُ وَلَهُ يَسْجُدُونَ ۩
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дерш Цунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо а вочух И цIанвеш ду, Цунна сужд деш ду
7:206
Гочдар: Магомед Магомедов