Мусхаф., агӏо 175

  1. قُلْ لَا أَمْلِكُ لِنَفْسِي نَفْعًا وَلَا ضَرًّا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۚ وَلَوْ كُنْتُ أَعْلَمُ الْغَيْبَ لَاسْتَكْثَرْتُ مِنَ الْخَيْرِ وَمَا مَسَّنِيَ السُّوءُ ۚ إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Ахь āла: 'Ас дола ца до сан дегIан - пайдехьа а‚ я зенехьа а, Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлаха дерг‚ ас совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана'

    7:188
  2. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَجَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا لِيَسْكُنَ إِلَيْهَا ۖ فَلَمَّا تَغَشَّاهَا حَمَلَتْ حَمْلًا خَفِيفًا فَمَرَّتْ بِهِ ۖ فَلَمَّا أَثْقَلَتْ دَعَوَا اللَّهَ رَبَّهُمَا لَئِنْ آتَيْتَنَا صَالِحًا لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча – байа болчу мохьца язло и‚ и дIакхоьхьу цо. ТIаккха иза язъелча, цара шиммо (майрачо а‚ зудчо а) шайн Кхиош-кхобучу Деле доьху: 'Ахь тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарах хир дара-кх'

    7:189
  3. فَلَمَّا آتَاهُمَا صَالِحًا جَعَلَا لَهُ شُرَكَاءَ فِيمَا آتَاهُمَا ۚ فَتَعَالَى اللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    ТIаккха цо шаьш-шинна дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост хилийтина цу шиммо. Лакхавели Дела цара накъост лацарах

    7:190
  4. أَيُشْرِكُونَ مَا لَا يَخْلُقُ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ

    Цара хуьлуьйту ткъа Цунна накъост ша хIумма цакхуллург‚ шаьш кхечо (Дала) кхуллуш берш?

    7:191
  5. وَلَا يَسْتَطِيعُونَ لَهُمْ نَصْرًا وَلَا أَنْفُسَهُمْ يَنْصُرُونَ

    Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара

    7:192
  6. وَإِنْ تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ لَا يَتَّبِعُوكُمْ ۚ سَوَاءٌ عَلَيْكُمْ أَدَعَوْتُمُوهُمْ أَمْ أَنْتُمْ صَامِتُونَ

    Аш уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аш уьш кхайкхахь а‚ я шу севца /д/ Iахь а

    7:193
  7. إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ عِبَادٌ أَمْثَالُكُمْ ۖ فَادْعُوهُمْ فَلْيَسْتَجِيبُوا لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Аш, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш – шух терра /Делан/ леш бу. Кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь

    7:194
  8. أَلَهُمْ أَرْجُلٌ يَمْشُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ أَيْدٍ يَبْطِشُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ أَعْيُنٌ يُبْصِرُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا ۗ قُلِ ادْعُوا شُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ كِيدُونِ فَلَا تُنْظِرُونِ

    Ткъа церан когаш бу, шаьшца уьш дIасалелаш‚ я церан куьйгаш ду, цара шаьш детташ‚ я церан бIаьргаш бу, шаьшца царна гуш‚ я церан лергаш ду, шаьшца царна хозуш? Ахь āла: 'Кхайкха шайн накъосташка‚ мекарло е суна‚ тIаьхьа ма татта со

    7:195

Гочдар: Магомед Магомедов