Мусхаф., агӏо 187

  1. بَرَاءَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Делера а‚ Цуьнан элчанера а, аш шаьш барт бина хилла болчу мушрикшца декъехь цахилар, хаам бу

    9:1
  2. فَسِيحُوا فِي الْأَرْضِ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللَّهِ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ مُخْزِي الْكَافِرِينَ

    Лела лаьттахула беа баттахь‚ тIаккха шуна хаалаш, Дела грасиз ван шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш

    9:2
  3. وَأَذَانٌ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى النَّاسِ يَوْمَ الْحَجِّ الْأَكْبَرِ أَنَّ اللَّهَ بَرِيءٌ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۙ وَرَسُولُهُ ۚ فَإِنْ تُبْتُمْ فَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ الَّذِينَ كَفَرُوا بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

    Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаж доьхкучу дийнахь: И Дела цIена ву мушрикех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву. Аш тōба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь, шуна хаалаш, Дела грасиз ван шайн ницкъ кхочур- боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца,

    9:3
  4. إِلَّا الَّذِينَ عَاهَدْتُمْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ثُمَّ لَمْ يَنْقُصُوكُمْ شَيْئًا وَلَمْ يُظَاهِرُوا عَلَيْكُمْ أَحَدًا فَأَتِمُّوا إِلَيْهِمْ عَهْدَهُمْ إِلَىٰ مُدَّتِهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ

    Аш шайца барт бина хилла берш боцчарна‚ тIаккха шуна цхьанна а хIуманца эшам бина хилла боцчу‚ шуна тIехь цхьанна а гIо дина хилла боцчарна – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш

    9:4
  5. فَإِذَا انْسَلَخَ الْأَشْهُرُ الْحُرُمُ فَاقْتُلُوا الْمُشْرِكِينَ حَيْثُ وَجَدْتُمُوهُمْ وَخُذُوهُمْ وَاحْصُرُوهُمْ وَاقْعُدُوا لَهُمْ كُلَّ مَرْصَدٍ ۚ فَإِنْ تَابُوا وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ فَخَلُّوا سَبِيلَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Деза /хьаж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца машаре ца богIу, тешнабехк беш болу/ мушрикаш байа, шайна уьш карабаькинчохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ клонна охьаховша царна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    9:5
  6. وَإِنْ أَحَدٌ مِنَ الْمُشْرِكِينَ اسْتَجَارَكَ فَأَجِرْهُ حَتَّىٰ يَسْمَعَ كَلَامَ اللَّهِ ثُمَّ أَبْلِغْهُ مَأْمَنَهُ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْلَمُونَ

    Мушрикех цхьаммо хьоьга шена маршо ехахь – кхочушъе иза, цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцчу меттиге (шен даймахка‚ цунна лаахь), – иза уьш ца хууш къам хиларна ду

    9:6

Гочдар: Магомед Магомедов