Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс)

  1. وَاعْلَمُوا أَنَّمَا غَنِمْتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَأَنَّ لِلَّهِ خُمُسَهُ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ إِنْ كُنْتُمْ آمَنْتُمْ بِاللَّهِ وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا يَوْمَ الْفُرْقَانِ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Шуна хаалаш, шаьш хIонсах хIума яьккхича, оцунах пхоьалгIа дāкъа ду Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ некъахочунна а‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхайн лега, къастаман дийнахь ши тоба вовшашна дуьхь-дуьхьал нисъеллачу дийнахь, доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву

    8:41
  2. إِذْ أَنْتُمْ بِالْعُدْوَةِ الدُّنْيَا وَهُمْ بِالْعُدْوَةِ الْقُصْوَىٰ وَالرَّكْبُ أَسْفَلَ مِنْكُمْ ۚ وَلَوْ تَوَاعَدْتُمْ لَاخْتَلَفْتُمْ فِي الْمِيعَادِ ۙ وَلَٰكِنْ لِيَقْضِيَ اللَّهُ أَمْرًا كَانَ مَفْعُولًا لِيَهْلِكَ مَنْ هَلَكَ عَنْ بَيِّنَةٍ وَيَحْيَىٰ مَنْ حَيَّ عَنْ بَيِّنَةٍ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَسَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Дагадаийта, шу /Мадинатан/ гергарчу агр а долуш‚ уьш генарчу агр а болуш, и къепал шуна лахахь а йолуш ма дара. Аш вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца (меттигца) делахь а, Дала кхочушхилийтархьама и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша билггал хIаллакхилларг‚ вахийта ша билггал дийна виснарг. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву

    8:42
  3. إِذْ يُرِيكَهُمُ اللَّهُ فِي مَنَامِكَ قَلِيلًا ۖ وَلَوْ أَرَاكَهُمْ كَثِيرًا لَفَشِلْتُمْ وَلَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ سَلَّمَ ۗ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Дагадаийта: хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг хиларца /ахь дийцира и гн хьан накъосташка/‚ Цо хьоьга уьш гайтинехьара дукха хиларца – дýхур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аш‚ делахь а, Дала лардина /шу иэшарах/. Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг

    8:43
  4. وَإِذْ يُرِيكُمُوهُمْ إِذِ الْتَقَيْتُمْ فِي أَعْيُنِكُمْ قَلِيلًا وَيُقَلِّلُكُمْ فِي أَعْيُنِهِمْ لِيَقْضِيَ اللَّهُ أَمْرًا كَانَ مَفْعُولًا ۗ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Дагадаийта! Шуна гайтира Цо уьш‚ шу /царна/ дуьхьалкхетча‚ шун бIаьргашкахула уьш кIеззиг болуш‚ шу кIеззиг долуш гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш

    8:44
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا لَقِيتُمْ فِئَةً فَاثْبُتُوا وَاذْكُرُوا اللَّهَ كَثِيرًا لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шайна /мостагйн/тоба дуьхьалкхетча, чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийден тарло

    8:45
  6. وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَا تَنَازَعُوا فَتَفْشَلُوا وَتَذْهَبَ رِيحُكُمْ ۖ وَاصْبِرُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ

    МуьтIахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца)

    8:46
  7. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بَطَرًا وَرِئَاءَ النَّاسِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ

    Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарах тера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дIатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/

    8:47
  8. وَإِذْ زَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ وَقَالَ لَا غَالِبَ لَكُمُ الْيَوْمَ مِنَ النَّاسِ وَإِنِّي جَارٌ لَكُمْ ۖ فَلَمَّا تَرَاءَتِ الْفِئَتَانِ نَكَصَ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ وَقَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِنْكُمْ إِنِّي أَرَىٰ مَا لَا تَرَوْنَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ ۚ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Дагадаийта, шайтIано хазйира царна шайн Iамалш‚ элира: 'Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо ду'. ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: 'Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гIо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву'

    8:48
  9. إِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ غَرَّ هَٰؤُلَاءِ دِينُهُمْ ۗ وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَإِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: 'ХIорш шайн дино Iехийна'. Далла тIетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    8:49
  10. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ يَتَوَفَّى الَّذِينَ كَفَرُوا ۙ الْمَلَائِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ

    Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тIехьашха а етташ: 'Iовша шайна жоьжахатин Iазап‚ олуш.-

    8:50
  11. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац'

    8:51
  12. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца

    8:52
  13. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًا نِعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَىٰ قَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а

    8:53
  14. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ ۚ وَكُلٌّ كَانُوا ظَالِمِينَ

    ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой

    8:54
  15. إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِنْدَ اللَّهِ الَّذِينَ كَفَرُوا فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    /Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу хманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу

    8:55
  16. الَّذِينَ عَاهَدْتَ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنْقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِي كُلِّ مَرَّةٍ وَهُمْ لَا يَتَّقُونَ

    Ахь шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/

    8:56
  17. فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِي الْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِمْ مَنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    Хьо царна тIамехь дуьхьал нисвелча, луьра таар де царна, царал тIехьахь болчарна кхерам таса - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /

    8:57
  18. وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِنْ قَوْمٍ خِيَانَةً فَانْبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْخَائِنِينَ

    Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш

    8:58
  19. وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَبَقُوا ۚ إِنَّهُمْ لَا يُعْجِزُونَ

    /Бадрехь ца бойуш кIелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тIехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кIелдуьтур дац /Делан гIуллакх а, бусалбанашна гIо хилар а/

    8:59
  20. وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ وَمِنْ رِبَاطِ الْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِ عَدُوَّ اللَّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَآخَرِينَ مِنْ دُونِهِمْ لَا تَعْلَمُونَهُمُ اللَّهُ يَعْلَمُهُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ

    Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: тман грс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац)

    8:60

Гочдар: Магомед Магомедов