Мусхаф., агӏо 19
-
وَلَنْ تَرْضَىٰ عَنْكَ الْيَهُودُ وَلَا النَّصَارَىٰ حَتَّىٰ تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمْ ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى اللَّهِ هُوَ الْهُدَىٰ ۗ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ بَعْدَ الَّذِي جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ ۙ مَا لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо церан динна тьхьахьттича бен. Ахь āла: 'Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ'‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма (бакъдолу дин – ислам) деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а
2:120 -
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَتْلُونَهُ حَقَّ تِلَاوَتِهِ أُولَٰئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Оха шайга жайна деллачарех и /Къуръан/ деша ма-деззара доьшуш берш бу‚– уьш ма бу цунах/хьакъ-бакъ/ тешаш. Цунах ца тешаш берш – уьш ма бу эшамехь
2:121 -
يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
ХIай Исраилан кIентий! Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шуна делла хилла долу‚ Ас даз ма дира шу Iаламал
2:122 -
وَاتَّقُوا يَوْمًا لَا تَجْزِي نَفْسٌ عَنْ نَفْسٍ شَيْئًا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلَا تَنْفَعُهَا شَفَاعَةٌ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ
Кхералаш дийнах, цхьана сино кхечунна пайда бийр боцчу‚ шегара /Делан запах ллхьара вала белча а/ мах къобалбийр боцчу‚ гIодаккхаро (шапаIато) шена пайда бийр боцчу а. Царна (цатешачарна) г дийр дац
2:123 -
وَإِذِ ابْتَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ رَبُّهُ بِكَلِمَاتٍ فَأَتَمَّهُنَّ ۖ قَالَ إِنِّي جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًا ۖ قَالَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۖ قَالَ لَا يَنَالُ عَهْدِي الظَّالِمِينَ
/Ахь хьахаде цаьрга‚ хIай Мухьаммад/: ИбрахIим ма зийра шен Кхиош-кхобучо дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: 'Ас хьох нахана имам веш ву'. Цо (ИбрахIима) элира: 'Ткъа сан тIаьхьенах?'. Элира /Дала/: 'Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх'
2:124 -
وَإِذْ جَعَلْنَا الْبَيْتَ مَثَابَةً لِلنَّاسِ وَأَمْنًا وَاتَّخِذُوا مِنْ مَقَامِ إِبْرَاهِيمَ مُصَلًّى ۖ وَعَهِدْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ أَنْ طَهِّرَا بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْعَاكِفِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ
Хьахаде! Оха и цIа дира нахана тбоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: 'Е ИбрахIиман меттиг ламаз ден меттиг'. Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: 'Аш шиммо цIанде Сан цIа (КаIба) го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат (иикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а'
2:125 -
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا بَلَدًا آمِنًا وَارْزُقْ أَهْلَهُ مِنَ الثَّمَرَاتِ مَنْ آمَنَ مِنْهُمْ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ قَالَ وَمَنْ كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُ قَلِيلًا ثُمَّ أَضْطَرُّهُ إِلَىٰ عَذَابِ النَّارِ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
ИбрхIима аьллера: 'ХIай сан Кхиош-кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хIара /меттиг/ маьрша мохк‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешначарна'. Цо элира: 'Ткъа /Делан цн дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ниатех цхьа кззиг‚ тIаккха дIахьавсор ма бу уьш цIеран Iазапе'. Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
2:126
Гочдар: Магомед Магомедов