Мусхаф., агӏо 18
-
وَقَالَتِ الْيَهُودُ لَيْسَتِ النَّصَارَىٰ عَلَىٰ شَيْءٍ وَقَالَتِ النَّصَارَىٰ لَيْسَتِ الْيَهُودُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَهُمْ يَتْلُونَ الْكِتَابَ ۗ كَذَٰلِكَ قَالَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ مِثْلَ قَوْلِهِمْ ۚ فَاللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Жуьгташа элира: 'Насараш цхьанна а хIуманна тIехь бац'. Насараша элира: 'Жуьгтий цхьанна а хIуманна тIехь бац'. Ткъа уьш ма бу жайна доьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара‚ церан дашах терра. И Дела ма ву хьукма дийр долуш царна юккъехь къематдийнахь цара хилпало ечу хIуманехь
2:113 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ مَنَعَ مَسَاجِدَ اللَّهِ أَنْ يُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ وَسَعَىٰ فِي خَرَابِهَا ۚ أُولَٰئِكَ مَا كَانَ لَهُمْ أَنْ يَدْخُلُوهَا إِلَّا خَائِفِينَ ۚ لَهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо сихлуш волчул? Уьш (и нах, маьждигаш дохош болу) - царна баха мегар ма дацара цу /маьждигашна/ чу‚ /Делах/ кхоьруш бен. Царна ю дуьненахь сийсазалла‚ ткъа эхартахь-м царна ма ду деза доккха Iазап
2:114 -
وَلِلَّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ ۚ فَأَيْنَمَا تُوَلُّوا فَثَمَّ وَجْهُ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. Шу миччахьа дирзича а – цигахь ю Делан юьхь. И Дела ма ву дерриге а чулоцуш верг а‚ дика хууш верг а
2:115 -
وَقَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۖ بَلْ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ كُلٌّ لَهُ قَانِتُونَ
Цара элира: 'Дала доьзалхо лаьцна'. Вонах цIена ву Иза. Ткъа Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву
2:116 -
بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَإِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Ша стигланаш а, латта а юьхьанца кхоьллинарг ву И. Цхьана гIуллакха тIехь Ша цхьа сацам бича‚ Цо олу цуьнга /Шена хила луучу хмане/: 'Хила!' – и хуьлу
2:117 -
وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ لَوْلَا يُكَلِّمُنَا اللَّهُ أَوْ تَأْتِينَا آيَةٌ ۗ كَذَٰلِكَ قَالَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ مِثْلَ قَوْلِهِمْ ۘ تَشَابَهَتْ قُلُوبُهُمْ ۗ قَدْ بَيَّنَّا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
Шайгахь лма доцчара элира: 'Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делил деана хиллехьара'. Иштта олура царал хьалха баханчара а‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ чг тешаш болчу нахана
2:118 -
إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا ۖ وَلَا تُسْأَلُ عَنْ أَصْحَابِ الْجَحِيمِ
Баккъалла а, Оха хьо ваийтина бакъдолчуьнца /кхаъ баккха/ хаамча хилла а‚ /Iазапан/ кхерамча хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатин охIланна тIера
2:119
Гочдар: Магомед Магомедов