Мусхаф., агӏо 214

  1. وَمِنْهُمْ مَنْ يَنْظُرُ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنْتَ تَهْدِي الْعُمْيَ وَلَوْ كَانُوا لَا يُبْصِرُونَ

    Царах хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахь нисбийр бара бIаьрсадоцурш, цу тIе а уьш са гуш а ца хилча?

    10:43
  2. إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ النَّاسَ شَيْئًا وَلَٰكِنَّ النَّاسَ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш

    10:44
  3. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ كَأَنْ لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا سَاعَةً مِنَ النَّهَارِ يَتَعَارَفُونَ بَيْنَهُمْ ۚ قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِلِقَاءِ اللَّهِ وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ

    Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ шаьш /дуьненахь/ дийнан цхьана сохьтехь а бен ца йнарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тIаккха ийшира шаьш Далла дуьхьалкхетар харцдинарш. Ца хилира уьш нисбелла

    10:45
  4. وَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ اللَّهُ شَهِيدٌ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ

    Я Оха гойтур ма ду хьуна Тхаьш царна ваIда ечух цхьадерг (Iазап)‚ я Оха волуьйтур ма ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга ду церан дIадерзар – цул тьхьа Дела теш ма ву цара деш долчунна

    10:46
  5. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ رَسُولٌ ۖ فَإِذَا جَاءَ رَسُولُهُمْ قُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    ХIор умматан элча ву. Шайн элча веъча, кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац

    10:47
  6. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара олу: 'Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?'

    10:48
  7. قُلْ لَا أَمْلِكُ لِنَفْسِي ضَرًّا وَلَا نَفْعًا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۗ لِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ ۚ إِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ فَلَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ

    Ахь āла: 'Ас дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а (сан карахь дац сайна зе дар а, пайда бар а), Далла ма луъу бен. ХIор умматна тоьхна хан ю‚ и шайн хан тIекхаьчча – цхьа сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ / цхьа сахьт/ хьалхабевр а бац'

    10:49
  8. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُهُ بَيَاتًا أَوْ نَهَارًا مَاذَا يَسْتَعْجِلُ مِنْهُ الْمُجْرِمُونَ

    Āла: 'Дийцал аш суна: Цуьнан Iазап шайга буса я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна?

    10:50
  9. أَثُمَّ إِذَا مَا وَقَعَ آمَنْتُمْ بِهِ ۚ آلْآنَ وَقَدْ كُنْتُمْ بِهِ تَسْتَعْجِلُونَ

    ТIаккха иза хIоьттича, тешар дара шу цунах? ХIинций? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/.'

    10:51
  10. ثُمَّ قِيلَ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذُوقُوا عَذَابَ الْخُلْدِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا بِمَا كُنْتُمْ تَكْسِبُونَ

    ТIаккха эр ду зулам диначаьрга: 'Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам хир буй шуна ткъа аш карадеш хиллачуьнца а бен?'

    10:52
  11. وَيَسْتَنْبِئُونَكَ أَحَقٌّ هُوَ ۖ قُلْ إِي وَرَبِّي إِنَّهُ لَحَقٌّ ۖ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) хаийтар: 'Бакъ дуй и?' Ахь āла: 'ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу ас), бакъ ду-кх и! Шуьга дайдалур дац иза'

    10:53

Гочдар: Магомед Магомедов