Мусхаф., агӏо 222
-
وَمَا مِنْ دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ إِلَّا عَلَى اللَّهِ رِزْقُهَا وَيَعْلَمُ مُسْتَقَرَّهَا وَمُسْتَوْدَعَهَا ۚ كُلٌّ فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а, – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду
11:6 -
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَكَانَ عَرْشُهُ عَلَى الْمَاءِ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۗ وَلَئِنْ قُلْتَ إِنَّكُمْ مَبْعُوثُونَ مِنْ بَعْدِ الْمَوْتِ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Iарш хина тIехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: 'Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа'‚ керстанаша аллане а эр ма ду: 'Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!'
11:7 -
وَلَئِنْ أَخَّرْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِلَىٰ أُمَّةٍ مَعْدُودَةٍ لَيَقُولُنَّ مَا يَحْبِسُهُ ۗ أَلَا يَوْمَ يَأْتِيهِمْ لَيْسَ مَصْرُوفًا عَنْهُمْ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Оха царах Iазап тIаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна‚ цара аллане а эр ма ду: 'Стено сацийна и (Iазап)?' Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дIатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дIа ма хьаьрчира
11:8 -
وَلَئِنْ أَذَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً ثُمَّ نَزَعْنَاهَا مِنْهُ إِنَّهُ لَيَئُوسٌ كَفُورٌ
Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниIматана/ керста а ма хуьлу
11:9 -
وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ نَعْمَاءَ بَعْدَ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ ذَهَبَ السَّيِّئَاتُ عَنِّي ۚ إِنَّهُ لَفَرِحٌ فَخُورٌ
Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тIаьхьа‚ цо аллане а эр ма ду: 'Къинош дIадахна суна тра'. Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу
11:10 -
إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ
Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш. Ткъа хкхарна гечдар а‚ йоккха ял а ю
11:11 -
فَلَعَلَّكَ تَارِكٌ بَعْضَ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ وَضَائِقٌ بِهِ صَدْرُكَ أَنْ يَقُولُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ كَنْزٌ أَوْ جَاءَ مَعَهُ مَلَكٌ ۚ إِنَّمَا أَنْتَ نَذِيرٌ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца ваьхьаш дуьтуш‚ цаьрца хьайн дог къуьйлуш цара олуш хиларна: 'Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цаьрца'. Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хIуманна тIехь векал ву
11:12
Гочдар: Магомед Магомедов