Мусхаф., агӏо 221
-
وَإِنْ يَمْسَسْكَ اللَّهُ بِضُرٍّ فَلَا كَاشِفَ لَهُ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِنْ يُرِدْكَ بِخَيْرٍ فَلَا رَادَّ لِفَضْلِهِ ۚ يُصِيبُ بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۚ وَهُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Дала зенаца хьо схьалацахь – и дйдендерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетам бухатухург вац хьуна. И кхачадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетаме верг а ву
10:107 -
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۖ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِوَكِيلٍ
Ахь āла: 'ХIай нах! Шуьга деана бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавелла ву. Со шуна тIехь векал а вац'
10:108 -
وَاتَّبِعْ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ وَاصْبِرْ حَتَّىٰ يَحْكُمَ اللَّهُ ۚ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
Хьайга ваьхьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарах диканиг ву
10:109 -
الر ۚ كِتَابٌ أُحْكِمَتْ آيَاتُهُ ثُمَّ فُصِّلَتْ مِنْ لَدُنْ حَكِيمٍ خَبِيرٍ
Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукма /нийса/ деш долу‚ тккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /хра/ - Ша хьукма /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера)
11:1 -
أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۚ إِنَّنِي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ
Аш Iибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. 'Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву‚ аьлла
11:2 -
وَأَنِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُمَتِّعْكُمْ مَتَاعًا حَسَنًا إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى وَيُؤْتِ كُلَّ ذِي فَضْلٍ فَضْلَهُ ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ كَبِيرٍ
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна (билгалъяккхина) хан тIекхаччалц‚ хр хьакъ долчунна шена дог хьакъ а длур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Iазапах
11:3 -
إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Деле ду шун дIадерзар. И массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву'
11:4 -
أَلَا إِنَّهُمْ يَثْنُونَ صُدُورَهُمْ لِيَسْتَخْفُوا مِنْهُ ۚ أَلَا حِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш къуьйлуш Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг
11:5
Гочдар: Магомед Магомедов