Мусхаф., агӏо 224

  1. أُولَٰئِكَ لَمْ يَكُونُوا مُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ ۘ يُضَاعَفُ لَهُمُ الْعَذَابُ ۚ مَا كَانُوا يَسْتَطِيعُونَ السَّمْعَ وَمَا كَانُوا يُبْصِرُونَ

    Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийца/, Дела воцург гьнчий (доладийраш) ца хилира царна. ТIеттIа Iазап ду царна. ЛадогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш

    11:20
  2. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Уьш бу шаьш шайна зен динарш‚ царах дIатилира цара кхуллуш хилларг

    11:21
  3. لَا جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْأَخْسَرُونَ

    Шеко йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш чг эшаме хир берш

    11:22
  4. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَأَخْبَتُوا إِلَىٰ رَبِّهِمْ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна муьтхь хилларш а,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар хир бу

    11:23
  5. مَثَلُ الْفَرِيقَيْنِ كَالْأَعْمَىٰ وَالْأَصَمِّ وَالْبَصِيرِ وَالسَّمِيعِ ۚ هَلْ يَسْتَوِيَانِ مَثَلًا ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ

    Шина тобанан масал тера ду бIаьрзечун а, къорачун а‚ - гуш волчун а, хезаш волчун а масалах. Нислой уьш шиъ /тоба/ масалица? Шу ца кхета? /Дера ца нисло!/

    11:24
  6. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Оха Нухь вахийтира шен къомана тIе: 'Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла

    11:25
  7. أَنْ لَا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۖ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ أَلِيمٍ

    /Цхьанна /Далла бен аш Iибадат цадайтархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах'‚ аьлла

    11:26
  8. فَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ مَا نَرَاكَ إِلَّا بَشَرًا مِثْلَنَا وَمَا نَرَاكَ اتَّبَعَكَ إِلَّا الَّذِينَ هُمْ أَرَاذِلُنَا بَادِيَ الرَّأْيِ وَمَا نَرَىٰ لَكُمْ عَلَيْنَا مِنْ فَضْلٍ بَلْ نَظُنُّكُمْ كَاذِبِينَ

    Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: 'Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го, шаьш ойла а ца еш, хьуна тIаьхьахIиттинарш, тхох уггар сийсаза берш бен‚ тхуна ца го шун тхаьшна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте а, тхуна хета шу харцлуьйш дерш'

    11:27
  9. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَآتَانِي رَحْمَةً مِنْ عِنْدِهِ فَعُمِّيَتْ عَلَيْكُمْ أَنُلْزِمُكُمُوهَا وَأَنْتُمْ لَهَا كَارِهُونَ

    Цо (Нухьас) элира: 'ХIай сан къам‚ гой шуна, со хилча сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза, шуна ца луушехь? (Тхан ницкъ кхочур бац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта)

    11:28

Гочдар: Магомед Магомедов