Мусхаф., агӏо 225
-
وَيَا قَوْمِ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مَالًا ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۚ وَمَا أَنَا بِطَارِدِ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ إِنَّهُمْ مُلَاقُو رَبِّهِمْ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
ХIай сан къам! Ас шуьга цунна тIехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац къахкор болуш ийман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-Кхобучунна‚ делахь а, суна шу хета ца кхеташ къам
11:29 -
وَيَا قَوْمِ مَنْ يَنْصُرُنِي مِنَ اللَّهِ إِنْ طَرَدْتُهُمْ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
ХIай сан къам! Хьан ларвийр вара со Делах, ас уьш къахкийча? Аш ойла ца йо?
11:30 -
وَلَا أَقُولُ لَكُمْ عِنْدِي خَزَائِنُ اللَّهِ وَلَا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلَا أَقُولُ إِنِّي مَلَكٌ وَلَا أَقُولُ لِلَّذِينَ تَزْدَرِي أَعْيُنُكُمْ لَنْ يُؤْتِيَهُمُ اللَّهُ خَيْرًا ۖ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا فِي أَنْفُسِهِمْ ۖ إِنِّي إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Ас шуьга ца боху: 'Соьгахь Делан хазнаш ю'‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна; ас ца боху: 'Со малик ду'‚ ас ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешачарах: 'Дала диканиг лур дац царна'. Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх'
11:31 -
قَالُوا يَا نُوحُ قَدْ جَادَلْتَنَا فَأَكْثَرْتَ جِدَالَنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Цара элира: 'ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь'
11:32 -
قَالَ إِنَّمَا يَأْتِيكُمْ بِهِ اللَّهُ إِنْ شَاءَ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ
Цо элира: 'И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шун ницкъ кхочур бац /и Iазап духатоха/
11:33 -
وَلَا يَنْفَعُكُمْ نُصْحِي إِنْ أَرَدْتُ أَنْ أَنْصَحَ لَكُمْ إِنْ كَانَ اللَّهُ يُرِيدُ أَنْ يُغْوِيَكُمْ ۚ هُوَ رَبُّكُمْ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шу Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду'
11:34 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَعَلَيَّ إِجْرَامِي وَأَنَا بَرِيءٌ مِمَّا تُجْرِمُونَ
Я цара олу: 'И цо ша кхоьллина'. Ахьа āла: 'Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тIехь ду-кх сайн къинош‚ со цIена ву-кх аш дечу къинойх'
11:35 -
وَأُوحِيَ إِلَىٰ نُوحٍ أَنَّهُ لَنْ يُؤْمِنَ مِنْ قَوْمِكَ إِلَّا مَنْ قَدْ آمَنَ فَلَا تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُوا يَفْعَلُونَ
Нухье ваьхьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а ийман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хIинцале ийман диллинчара а бен‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш хилларг бахьанехь
11:36 -
وَاصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا ۚ إِنَّهُمْ مُغْرَقُونَ
Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан ваьхьица а‚ къамел ма делахь Соьга зулам диначарах лаций‚ баккъалла, уьш хи буха бохуьйтур болуш бу
11:37
Гочдар: Магомед Магомедов