Мусхаф., агӏо 23

  1. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّ فَرِيقًا مِنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Оха шайга жайна деллачарна и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь

    2:146
  2. الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    Бакъдерг ду / иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиланне а хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарах

    2:147
  3. وَلِكُلٍّ وِجْهَةٌ هُوَ مُوَلِّيهَا ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ أَيْنَ مَا تَكُونُوا يَأْتِ بِكُمُ اللَّهُ جَمِيعًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIевоьрзуш. Аша сихое дикачу гллакхашкахь хьалхе яккхарехь. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала шу дерриге а цхьаьна гулдийр ду /къематдийнахь/. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву

    2:148
  4. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ وَإِنَّهُ لَلْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Баккъалла а, и бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела аша дийриг тидамехь доцуш

    2:149
  5. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَيْكُمْ حُجَّةٌ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِي وَلِأُتِمَّ نِعْمَتِي عَلَيْكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цу агIор‚ нахана шуна тIехь бехк билла бахьана ца хилийта‚ царах зуламхой боцучарна, – шу царах ма кхералаш, Сох кхералаш, - Соьга шуна тIехь Сайн ниIмат чекхдаккхийта - шу нийсачу новкъа тхь хила тарлора-кх

    2:150
  6. كَمَا أَرْسَلْنَا فِيكُمْ رَسُولًا مِنْكُمْ يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِنَا وَيُزَكِّيكُمْ وَيُعَلِّمُكُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُعَلِّمُكُمْ مَا لَمْ تَكُونُوا تَعْلَمُونَ

    Оха шуна элча ваийтарх терра‚ шух шайх волу, ша дуьйцуш волу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ шуна жайна а‚ хьекъалалла а Iамадеш‚ шуна цо Iамадеш, шуна ца хууш хилларг

    2:151
  7. فَاذْكُرُونِي أَذْكُرْكُمْ وَاشْكُرُوا لِي وَلَا تَكْفُرُونِ

    Аш Со дагаваийта / Суна муьтхь хиларца/ – Аса шу а дагадоуьйтур ду /шуна гечдарца/‚ Суна шукар де‚ Суна инкарло еш ма хила

    2:152
  8. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اسْتَعِينُوا بِالصَّبْرِ وَالصَّلَاةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчаьрца

    2:153

Гочдар: Магомед Магомедов