Мусхаф., агӏо 24
-
وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ يُقْتَلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتٌ ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ وَلَٰكِنْ لَا تَشْعُرُونَ
Аш ма āла Делан новкъахь бойучарах 'белла'. – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало
2:154 -
وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ بِشَيْءٍ مِنَ الْخَوْفِ وَالْجُوعِ وَنَقْصٍ مِنَ الْأَمْوَالِ وَالْأَنْفُسِ وَالثَّمَرَاتِ ۗ وَبَشِّرِ الصَّابِرِينَ
Оха дитанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхни а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахь кхаъ баккха собаре болчарна‚ –
2:155 -
الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ قَالُوا إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعُونَ
Иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бāла беьча‚ олуш: 'Вай Делан ду‚ Цуьнга дIадоьрзур долуш а ду'
2:156 -
أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَاتٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَرَحْمَةٌ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُهْتَدُونَ
Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нийсачу новкъа тхь берш
2:157 -
إِنَّ الصَّفَا وَالْمَرْوَةَ مِنْ شَعَائِرِ اللَّهِ ۖ فَمَنْ حَجَّ الْبَيْتَ أَوِ اعْتَمَرَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِ أَنْ يَطَّوَّفَ بِهِمَا ۚ وَمَنْ تَطَوَّعَ خَيْرًا فَإِنَّ اللَّهَ شَاكِرٌ عَلِيمٌ
Баккъалла а, Сафа а‚ Марват а Делан динан билгалонех ду. Хьаьж доьхкучунна а‚ Iумрат дечунна а къа дац царна го баьккхича. Лаа а лууш, /Шена/ диканиг диначунна – и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву
2:158 -
إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنْزَلْنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالْهُدَىٰ مِنْ بَعْدِ مَا بَيَّنَّاهُ لِلنَّاسِ فِي الْكِتَابِ ۙ أُولَٰئِكَ يَلْعَنُهُمُ اللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ اللَّاعِنُونَ
Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а, Оха шаьш нахана Жайнин чохь билгалъяьхначул тIаьхьа, хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неIалт эр дерш а‚ неIалт олучара а шайна неIалт эр дерш а
2:159 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَبَيَّنُوا فَأُولَٰئِكَ أَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنَا التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тōба дарца/ юхабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тōба Ас къобалдийр ду – Со тōба /дукха/ къобалдийриг а ву /Сайн лешна/, /Сайгахь/ шортта къинхетам берг а ву
2:160 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ لَعْنَةُ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ / оцу/ керста хьолехь белларш – царна хир ду Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт
2:161 -
خَالِدِينَ فِيهَا ۖ لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Шаьш цу чохь (цIергахь) гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIаьхьатоттур а ма бац уьш
2:162 -
وَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ
Шун Дела – Ша цхьаъ волу Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву Иза
2:163
Гочдар: Магомед Магомедов