Мусхаф., агӏо 231

  1. فَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا جَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهَا حِجَارَةً مِنْ سِجِّيلٍ مَنْضُودٍ

    Тхан омра кхаьчча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхенах лахе йира‚ Оха царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш тделхийра,

    11:82
  2. مُسَوَّمَةً عِنْدَ رَبِّكَ ۖ وَمَا هِيَ مِنَ الظَّالِمِينَ بِبَعِيدٍ

    Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь. /Массо а/ зуламхошна гена дац и (иштта таIзар хила). (Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хIай Мухьаммад)

    11:83
  3. وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ وَلَا تَنْقُصُوا الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ ۚ إِنِّي أَرَاكُمْ بِخَيْرٍ وَإِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ مُحِيطٍ

    Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам! цхьана Далла – Аллахна Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма де. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шу /эрчаллица/ юкъаозор долчу дийнан Iазапах

    11:84
  4. وَيَا قَوْمِ أَوْفُوا الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

    ХIай сан къам! Кхочушде юстар а‚ озар а нийсонца‚ лаха ма е нахана шайн хIуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула, боьханиг даржош

    11:85
  5. بَقِيَّتُ اللَّهِ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ ۚ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِحَفِيظٍ

    Делана гергахь бухадуьсурш дика ду шуна, шу муъмин/нах/ делахь‚ со ма вац шуна лардархо'

    11:86
  6. قَالُوا يَا شُعَيْبُ أَصَلَاتُكَ تَأْمُرُكَ أَنْ نَتْرُكَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا أَوْ أَنْ نَفْعَلَ فِي أَمْوَالِنَا مَا نَشَاءُ ۖ إِنَّكَ لَأَنْتَ الْحَلِيمُ الرَّشِيدُ

    Цара элира: 'ХIай ШуIайб! Хьан дино (ламазо) омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат дийриг тхоьга дитийта я тхешан бахамех тхайна луург дан? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма ву'

    11:87
  7. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَرَزَقَنِي مِنْهُ رِزْقًا حَسَنًا ۚ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أُخَالِفَكُمْ إِلَىٰ مَا أَنْهَاكُمْ عَنْهُ ۚ إِنْ أُرِيدُ إِلَّا الْإِصْلَاحَ مَا اسْتَطَعْتُ ۚ وَمَا تَوْفِيقِي إِلَّا بِاللَّهِ ۚ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ

    Цо элира: 'ХIай сан къам! Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара тхдика рицкъ делла суна. Суна ца лаьа шух къаста айса шуна магош доцчунна тхь. Со деккъа тодан лууш /шун хьал/ ву сайн ницкъ ма - кхоччу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIе а воьрзу со /тоба дарца/

    11:88

Гочдар: Магомед Магомедов