Мусхаф., агӏо 230

  1. قَالَتْ يَا وَيْلَتَىٰ أَأَلِدُ وَأَنَا عَجُوزٌ وَهَٰذَا بَعْلِي شَيْخًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ عَجِيبٌ

    Цо (Сāрата) элира: 'Дакъаза ма яла со! Бер до ткъа ас‚ со-х къена зуда ма ю‚ хIара сан майра а къена стаг ма ву? Ма тамаше хIума ду хIара!?'

    11:72
  2. قَالُوا أَتَعْجَبِينَ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ ۖ رَحْمَتُ اللَّهِ وَبَرَكَاتُهُ عَلَيْكُمْ أَهْلَ الْبَيْتِ ۚ إِنَّهُ حَمِيدٌ مَجِيدٌ

    Цара (маликаша) элира: 'Хьо цецйолу Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву'

    11:73
  3. فَلَمَّا ذَهَبَ عَنْ إِبْرَاهِيمَ الرَّوْعُ وَجَاءَتْهُ الْبُشْرَىٰ يُجَادِلُنَا فِي قَوْمِ لُوطٍ

    ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь (царна Iазап тIаьхьататтахьара бохуш, ийман дилла магара цара)

    11:74
  4. إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لَحَلِيمٌ أَوَّاهٌ مُنِيبٌ

    Баккъалла а, ИбрахIим эсала а‚ /нахана хуьлучу вонашна /лазаме верг а‚ /тоба дарца Деле/ дIавирзинарг а ма ву'

    11:75
  5. يَا إِبْرَاهِيمُ أَعْرِضْ عَنْ هَٰذَا ۖ إِنَّهُ قَدْ جَاءَ أَمْرُ رَبِّكَ ۖ وَإِنَّهُمْ آتِيهِمْ عَذَابٌ غَيْرُ مَرْدُودٍ

    ИбрахIим! Дита и‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна догIуш ду

    11:76
  6. وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالَ هَٰذَا يَوْمٌ عَصِيبٌ

    Тхан элчанаш (маликаш) ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: 'ХIара хала де ду!'

    11:77
  7. وَجَاءَهُ قَوْمُهُ يُهْرَعُونَ إِلَيْهِ وَمِنْ قَبْلُ كَانُوا يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ ۚ قَالَ يَا قَوْمِ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي هُنَّ أَطْهَرُ لَكُمْ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ فِي ضَيْفِي ۖ أَلَيْسَ مِنْكُمْ رَجُلٌ رَشِيدٌ

    Цунна тIедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тIебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а бара уьш къинош деш. Цо (ЛутIас) элира: 'ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашна гергахь! Шух цхьа а кхетаме стаг вац?!'

    11:78
  8. قَالُوا لَقَدْ عَلِمْتَ مَا لَنَا فِي بَنَاتِكَ مِنْ حَقٍّ وَإِنَّكَ لَتَعْلَمُ مَا نُرِيدُ

    Цара элира: 'Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршца тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хIун деза'

    11:79
  9. قَالَ لَوْ أَنَّ لِي بِكُمْ قُوَّةً أَوْ آوِي إِلَىٰ رُكْنٍ شَدِيدٍ

    Цо элира: 'Шуьца /къовса/ ницкъ белар-кха сан‚ онда гIортор елар-кха тIетовжа'

    11:80
  10. قَالُوا يَا لُوطُ إِنَّا رُسُلُ رَبِّكَ لَنْ يَصِلُوا إِلَيْكَ ۖ فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ إِلَّا امْرَأَتَكَ ۖ إِنَّهُ مُصِيبُهَا مَا أَصَابَهُمْ ۚ إِنَّ مَوْعِدَهُمُ الصُّبْحُ ۚ أَلَيْسَ الصُّبْحُ بِقَرِيبٍ

    Цара (маликаша) элира: 'ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна /зен дан/ тIекхочур бац уьш. Хьайн доьзалца буьйса дакъошка йирзича, новкъа вāла. Тхьа ма хьожийла шух цхьа а (и ирча зап цагархьама), хьан зуда йоцург. Баккъалла а, цуьнга а кхочур ду цаьрга кхаьчнарг. Царна тоьхна хан – Iуьйре ю. Гергахь яц ткъа Iуьйре?'

    11:81

Гочдар: Магомед Магомедов