Мусхаф., агӏо 233

  1. يَقْدُمُ قَوْمَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَأَوْرَدَهُمُ النَّارَ ۖ وَبِئْسَ الْوِرْدُ الْمَوْرُودُ

    Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!

    11:98
  2. وَأُتْبِعُوا فِي هَٰذِهِ لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ بِئْسَ الرِّفْدُ الْمَرْفُودُ

    Кхузахь (дуьненахь) а неIалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а /хьаьрчар ду/. Ма вон 'совгIат' ду-кх и ша кхочучунна!

    11:99
  3. ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْقُرَىٰ نَقُصُّهُ عَلَيْكَ ۖ مِنْهَا قَائِمٌ وَحَصِيدٌ

    Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царах лаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю

    11:100
  4. وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ ۖ فَمَا أَغْنَتْ عَنْهُمْ آلِهَتُهُمُ الَّتِي يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ لَمَّا جَاءَ أَمْرُ رَبِّكَ ۖ وَمَا زَادُوهُمْ غَيْرَ تَتْبِيبٍ

    Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а, шаьш шайна зулам дина цара. Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу деланаша хIумманах а кIелхьар ца бехира уьш хьан Кхиош-Кхобучун омра деъначул тIаьхьа. Цара сов ца бехира уьш хIаллакхиларца бен

    11:101
  5. وَكَذَٰلِكَ أَخْذُ رَبِّكَ إِذَا أَخَذَ الْقُرَىٰ وَهِيَ ظَالِمَةٌ ۚ إِنَّ أَخْذَهُ أَلِيمٌ شَدِيدٌ

    Иштта ду хьан Кхиош-Кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар – чIогIа лазош ду-кх

    11:102
  6. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِمَنْ خَافَ عَذَابَ الْآخِرَةِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمٌ مَجْمُوعٌ لَهُ النَّاسُ وَذَٰلِكَ يَوْمٌ مَشْهُودٌ

    Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гун долу

    11:103
  7. وَمَا نُؤَخِّرُهُ إِلَّا لِأَجَلٍ مَعْدُودٍ

    Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу (къастийначу) ханна бен

    11:104
  8. يَوْمَ يَأْتِ لَا تَكَلَّمُ نَفْسٌ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۚ فَمِنْهُمْ شَقِيٌّ وَسَعِيدٌ

    И де деъча, сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царах декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву

    11:105
  9. فَأَمَّا الَّذِينَ شَقُوا فَفِي النَّارِ لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَشَهِيقٌ

    Дакъазабевлларш – уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь узарш а, мохь хьекхар а ду

    11:106
  10. خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ إِلَّا مَا شَاءَ رَبُّكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ فَعَّالٌ لِمَا يُرِيدُ

    Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /даима/ деш ма ву Шена луург

    11:107
  11. وَأَمَّا الَّذِينَ سُعِدُوا فَفِي الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ إِلَّا مَا شَاءَ رَبُّكَ ۖ عَطَاءً غَيْرَ مَجْذُوذٍ

    Амма ирсе хилларш – бешахь хир бу‚ цу чохь гуттаренна буьсур болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла‚ ша хедар доцу совгIат а хилла

    11:108

Гочдар: Магомед Магомедов