Мусхаф., агӏо 234
-
فَلَا تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِمَّا يَعْبُدُ هَٰؤُلَاءِ ۚ مَا يَعْبُدُونَ إِلَّا كَمَا يَعْبُدُ آبَاؤُهُمْ مِنْ قَبْلُ ۚ وَإِنَّا لَمُوَفُّوهُمْ نَصِيبَهُمْ غَيْرَ مَنْقُوصٍ
Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла а, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/ дāкъа, ца эшадеш
11:109 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ
Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь а хилпалонаш хилира церан. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах чгчу шеконехь ма бу
11:110 -
وَإِنَّ كُلًّا لَمَّا لَيُوَفِّيَنَّهُمْ رَبُّكَ أَعْمَالَهُمْ ۚ إِنَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-Кхобучо бекхам бийр ма бу шен Iамалашка хьаьжжина. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву
11:111 -
فَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ وَمَنْ تَابَ مَعَكَ وَلَا تَطْغَوْا ۚ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Нисло‚ хьайга омра ма- дди‚ хьо а, хьоьца цхьана ша тōба динарг а‚ /Делан дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву
11:112 -
وَلَا تَرْكَنُوا إِلَى الَّذِينَ ظَلَمُوا فَتَمَسَّكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ ثُمَّ لَا تُنْصَرُونَ
Зулам диначарна тIе ма тийжа – /жоьжахатин/ цIаро схьалоцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац
11:113 -
وَأَقِمِ الصَّلَاةَ طَرَفَيِ النَّهَارِ وَزُلَفًا مِنَ اللَّيْلِ ۚ إِنَّ الْحَسَنَاتِ يُذْهِبْنَ السَّيِّئَاتِ ۚ ذَٰلِكَ ذِكْرَىٰ لِلذَّاكِرِينَ
Ламаз хIоттаде дийнан шина юьхьехь /ьйранна а, суьйранна а/‚ буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикчу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза – дагадаийтар ду дагадоуьйтучарна
11:114 -
وَاصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
Собар де‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш ечеран ял
11:115 -
فَلَوْلَا كَانَ مِنَ الْقُرُونِ مِنْ قَبْلِكُمْ أُولُو بَقِيَّةٍ يَنْهَوْنَ عَنِ الْفَسَادِ فِي الْأَرْضِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّنْ أَنْجَيْنَا مِنْهُمْ ۗ وَاتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُوا مَا أُتْرِفُوا فِيهِ وَكَانُوا مُجْرِمِينَ
Хиллехьара-кха шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучун дай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу буьйхачух. Оха шаьш царах кIелхьарбаьхначарах цхьа кIеззиг берш бен бацара-кха уьш. Зулам динарш тIаьхьабезира шайна делла хиллачу /хазчу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш
11:116 -
وَمَا كَانَ رَبُّكَ لِيُهْلِكَ الْقُرَىٰ بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا مُصْلِحُونَ
Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика Iамалш еш а болуш
11:117
Гочдар: Магомед Магомедов