Мусхаф., агӏо 246

  1. يَا بَنِيَّ اذْهَبُوا فَتَحَسَّسُوا مِنْ يُوسُفَ وَأَخِيهِ وَلَا تَيْأَسُوا مِنْ رَوْحِ اللَّهِ ۖ إِنَّهُ لَا يَيْأَسُ مِنْ رَوْحِ اللَّهِ إِلَّا الْقَوْمُ الْكَافِرُونَ

    ХIай сан кIентий! ГIо‚ ткхиалаш Юсуфах а, цуьнан вешех а /хиллачунна /. Делан къинхетамах дог ма диллалаш. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен'

    12:87
  2. فَلَمَّا دَخَلُوا عَلَيْهِ قَالُوا يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ مَسَّنَا وَأَهْلَنَا الضُّرُّ وَجِئْنَا بِبِضَاعَةٍ مُزْجَاةٍ فَأَوْفِ لَنَا الْكَيْلَ وَتَصَدَّقْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّ اللَّهَ يَجْزِي الْمُتَصَدِّقِينَ

    Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: 'ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/ охIла а гйгно лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIезг-мезг /йохка/ хIуманаш йохьуш – кхачам боллуш барам лохьа тхуна‚ сагIа а лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа лучарна'

    12:88
  3. قَالَ هَلْ عَلِمْتُمْ مَا فَعَلْتُمْ بِيُوسُفَ وَأَخِيهِ إِذْ أَنْتُمْ جَاهِلُونَ

    Цо (Юсуфа) элира: 'Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехIал долуш?'

    12:89
  4. قَالُوا أَإِنَّكَ لَأَنْتَ يُوسُفُ ۖ قَالَ أَنَا يُوسُفُ وَهَٰذَا أَخِي ۖ قَدْ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا ۖ إِنَّهُ مَنْ يَتَّقِ وَيَصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ

    Цара элира: 'Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?!'. Цо элира: 'Со Юсуф а ву, хIара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял'

    12:90
  5. قَالُوا تَاللَّهِ لَقَدْ آثَرَكَ اللَّهُ عَلَيْنَا وَإِنْ كُنَّا لَخَاطِئِينَ

    Цара элира: 'ВаллахIи‚ Дала тхол вазвина хьо‚ тхо хилла-кх гIалатдевлларш!'

    12:91
  6. قَالَ لَا تَثْرِيبَ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ ۖ يَغْفِرُ اللَّهُ لَكُمْ ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

    Цо элира: 'Бехк ца боккху шуьга тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву

    12:92
  7. اذْهَبُوا بِقَمِيصِي هَٰذَا فَأَلْقُوهُ عَلَىٰ وَجْهِ أَبِي يَأْتِ بَصِيرًا وَأْتُونِي بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ

    Дуьло‚ дг хIара сан коч а эций, сан ден юьхь т таса и – бIаьрса юхадогIур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тIе дуьйла'

    12:93
  8. وَلَمَّا فَصَلَتِ الْعِيرُ قَالَ أَبُوهُمْ إِنِّي لَأَجِدُ رِيحَ يُوسُفَ ۖ لَوْلَا أَنْ تُفَنِّدُونِ

    Ковра (къепал) араяьлча‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: 'Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аш со Iовдал ма ларахьара'

    12:94
  9. قَالُوا تَاللَّهِ إِنَّكَ لَفِي ضَلَالِكَ الْقَدِيمِ

    Цара элира: 'ВаллахIи‚ хьайн хьалхалерчу тилар чохь ву-кх хьо!'

    12:95

Гочдар: Магомед Магомедов