Мусхаф., агӏо 249
-
المر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ ۗ وَالَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ الْحَقُّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнин аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша
13:1 -
اللَّهُ الَّذِي رَفَعَ السَّمَاوَاتِ بِغَيْرِ عَمَدٍ تَرَوْنَهَا ۖ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ يُفَصِّلُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ بِلِقَاءِ رَبِّكُمْ تُوقِنُونَ
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш гртораш а йоцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла Иза Iарша тIехь. Малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо /Шен лен гллакхашна/ – дерриге дIасалела /шен/ тоьхначу хене. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху Цо. Шу шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарх /доггах/ теша мегар-кха
13:2 -
وَهُوَ الَّذِي مَدَّ الْأَرْضَ وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْهَارًا ۖ وَمِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ جَعَلَ فِيهَا زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ ۖ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Иза ву латта даржийнарг‚ цу тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо а стоьмех цунна (лаьтта) тIехь Цо хилийтина шишша тайпа. Буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана
13:3 -
وَفِي الْأَرْضِ قِطَعٌ مُتَجَاوِرَاتٌ وَجَنَّاتٌ مِنْ أَعْنَابٍ وَزَرْعٌ وَنَخِيلٌ صِنْوَانٌ وَغَيْرُ صِنْوَانٍ يُسْقَىٰ بِمَاءٍ وَاحِدٍ وَنُفَضِّلُ بَعْضَهَا عَلَىٰ بَعْضٍ فِي الْأُكُلِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Лаьттахь ул-уллохь дакъош ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду царна дуьллуш дерг. Царах цхьаерш вукхарал язъйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана
13:4 -
وَإِنْ تَعْجَبْ فَعَجَبٌ قَوْلُهُمْ أَإِذَا كُنَّا تُرَابًا أَإِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ الْأَغْلَالُ فِي أَعْنَاقِهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: 'Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?' Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ гьмаш (буржалш) хир ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу
13:5
Гочдар: Магомед Магомедов