Мусхаф., агӏо 250
-
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ وَقَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمُ الْمَثُلَاتُ ۗ وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ لِلنَّاسِ عَلَىٰ ظُلْمِهِمْ ۖ وَإِنَّ رَبَّكَ لَشَدِيدُ الْعِقَابِ
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь нахана гечдар долуш ву, церан зуламашка а ца хьоьжуш. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-Кхобург чIогIаниг а ву бекхамца
13:6 -
وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۗ إِنَّمَا أَنْتَ مُنْذِرٌ ۖ وَلِكُلِّ قَوْمٍ هَادٍ
Цатешачара олу: 'Шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил доссийнехьара цуьнга!' Хьо дIахоуьйтург ву. ХIор къоман хьехамхо ву
13:7 -
اللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَحْمِلُ كُلُّ أُنْثَىٰ وَمَا تَغِيضُ الْأَرْحَامُ وَمَا تَزْدَادُ ۖ وَكُلُّ شَيْءٍ عِنْدَهُ بِمِقْدَارٍ
Далла хаьа хIор стечу дийнато /кийрахь/ лелорг‚ беран цIийнан гатдалар а‚ шордалар а. Массо а хIума Цунна гергахь /шен/ барамца ду
13:8 -
عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْكَبِيرُ الْمُتَعَالِ
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза
13:9 -
سَوَاءٌ مِنْكُمْ مَنْ أَسَرَّ الْقَوْلَ وَمَنْ جَهَرَ بِهِ وَمَنْ هُوَ مُسْتَخْفٍ بِاللَّيْلِ وَسَارِبٌ بِالنَّهَارِ
/Цу Далла/ цхьабосса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буса хьуллуш верг а‚ дийнахь дIасалелаш верг а
13:10 -
لَهُ مُعَقِّبَاتٌ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ يَحْفَظُونَهُ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۗ وَإِذَا أَرَادَ اللَّهُ بِقَوْمٍ سُوءًا فَلَا مَرَدَّ لَهُ ۚ وَمَا لَهُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَالٍ
Цунна (адамна) хьалхахула а‚ тIехьахула а цуьнца цхьаьна дсалелаш дерш ду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омраца. Баккъалла а, Дала нахах долчух хIумма а ца хуьйцу, цара шаьш шайх дерг хийццалц. Далла нахана вониг лиъча, цунна духатохар дац‚ И воцург урхалча ма вац царна
13:11 -
هُوَ الَّذِي يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنْشِئُ السَّحَابَ الثِّقَالَ
И ву шуна кхерамций‚ догдахарций ткъес гойтуш верг‚ Цо кхиайо еза мархаш
13:12 -
وَيُسَبِّحُ الرَّعْدُ بِحَمْدِهِ وَالْمَلَائِكَةُ مِنْ خِيفَتِهِ وَيُرْسِلُ الصَّوَاعِقَ فَيُصِيبُ بِهَا مَنْ يَشَاءُ وَهُمْ يُجَادِلُونَ فِي اللَّهِ وَهُوَ شَدِيدُ الْمِحَالِ
Цунна хастам барца тасбихь до стигал къовкъаро. Маликаша а /до Далла тасбихь/ Цунах кхерарца. Стелахаьштигаш оьхуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делан хьокъехь къуьйсуш а болуш. Иза – ницкъаца чIогIаниг ву
13:13
Гочдар: Магомед Магомедов