Мусхаф., агӏо 26

  1. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّبِعُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا بَلْ نَتَّبِعُ مَا أَلْفَيْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۗ أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ شَيْئًا وَلَا يَهْتَدُونَ

    Цаьрга аьлча: 'ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна (Къуръанна)', цара олу: 'ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду тхайна тхешан дай шена тIехь карийначунна». – И шайн дай цхьанна хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а хилла бацахь а? /Тккха а хьтту уьш царна тьхьа??/

    2:170
  2. وَمَثَلُ الَّذِينَ كَفَرُوا كَمَثَلِ الَّذِي يَنْعِقُ بِمَا لَا يَسْمَعُ إِلَّا دُعَاءً وَنِدَاءً ۚ صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لَا يَعْقِلُونَ

    Керстаналла дечеран масал ду шега мохь биттича а, цг хьекхча а бен ца хезачуьнга кхайкхаран масалах тера: къора, мотт ца хууш, бьрзе хилла, уьш кхетар бац

    2:171
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَاشْكُرُوا لِلَّهِ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIена дерг‚ цу Далла шукар а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь

    2:172
  4. إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ بِهِ لِغَيْرِ اللَّهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна /и хьарам йинарг/ ца йиъча ца валахь‚ /бехкамна/ дуьхьал а воцуш‚ дозанал тх а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚ и Дела ма ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:173
  5. إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ الْكِتَابِ وَيَشْتَرُونَ بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۙ أُولَٰئِكَ مَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ إِلَّا النَّارَ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ اللَّهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьадерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кIеззиг мах оьцуш берш – уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш. Вистхир ма вац и Дела цаьрга /реза хиларца/ къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш. Царна хир ма ду лазош долу Iазап

    2:174
  6. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الضَّلَالَةَ بِالْهُدَىٰ وَالْعَذَابَ بِالْمَغْفِرَةِ ۚ فَمَا أَصْبَرَهُمْ عَلَى النَّارِ

    Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина тилар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап эцнарш. Ма собаре бу уьш жоьжахатин цIе ла(в)рехь!?

    2:175
  7. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ نَزَّلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ ۗ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِي الْكِتَابِ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ

    Иза ду Дала и жайна (Таврат) доссош хиларна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, цу жайница цхьаьна ца богIурш (и дохош, харц туьдуш берш) буьззина /барт/ эгIарехь ма бу

    2:176

Гочдар: Магомед Магомедов