Мусхаф., агӏо 25

  1. إِنَّ فِي خَلْقِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَالْفُلْكِ الَّتِي تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِمَا يَنْفَعُ النَّاسَ وَمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاءِ مِنْ مَاءٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَبَثَّ فِيهَا مِنْ كُلِّ دَابَّةٍ وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ وَالسَّحَابِ الْمُسَخَّرِ بَيْنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь а‚ буьйса-де хийцадаларехь а‚ хIорда чохь нахана пайданна дIасалелаш долчу кеманехь а‚ Дала стиглара охьадоуьйтучу, деллачул тIаьхьа шеца латта дендеш а, цу /лаьтта/ тIехь массо а дийнат даржадеш а долчу хинехь /догнехь/ а‚ мох хьекхарехь а‚ шаьш /Далла/ муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а – билгалонаш ма ю шаьш ойла ян хуучу нахана

    2:164
  2. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَتَّخِذُ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَنْدَادًا يُحِبُّونَهُمْ كَحُبِّ اللَّهِ ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا أَشَدُّ حُبًّا لِلَّهِ ۗ وَلَوْ يَرَى الَّذِينَ ظَلَمُوا إِذْ يَرَوْنَ الْعَذَابَ أَنَّ الْقُوَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا وَأَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعَذَابِ

    Нāхах бу АллахДела витина кхиберш /делий/ лоьцуш берш, уьш Цуьнца нисбеш, шайна уьш безаш, /муъманахана/ Дела везарх терра. Ткъа /Делах/ тешаш берш Дела чIогIа дукхавезаш ма бу. Гуш белхьара и зулам деш берш – царна гур ма дара Iазап – царна хуур ма дара ницкъ берриге а Делан буйла а‚ и Дела Iазап дарехь чг вуйла а

    2:165
  3. إِذْ تَبَرَّأَ الَّذِينَ اتُّبِعُوا مِنَ الَّذِينَ اتَّبَعُوا وَرَأَوُا الْعَذَابَ وَتَقَطَّعَتْ بِهِمُ الْأَسْبَابُ

    Шайна нах тIаьхьахIуьттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттина хиллачарех‚ царна гур ду Iазап‚ хедар ю церан юкъаметтигаш

    2:166
  4. وَقَالَ الَّذِينَ اتَّبَعُوا لَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةً فَنَتَبَرَّأَ مِنْهُمْ كَمَا تَبَرَّءُوا مِنَّا ۗ كَذَٰلِكَ يُرِيهِمُ اللَّهُ أَعْمَالَهُمْ حَسَرَاتٍ عَلَيْهِمْ ۖ وَمَا هُمْ بِخَارِجِينَ مِنَ النَّارِ

    Шаьш кхечарна тIаьхьахIуьттуш хиллачара эр ду: 'Тхан юха дуьнена доьрзийла делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царах‚ уьш тхох цIанбаларх терра'. Иштта гойтур ю Дала церан Iамалш царна бāла хилла. Уьш арабевра ма бац цIергара

    2:167
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ كُلُوا مِمَّا فِي الْأَرْضِ حَلَالًا طَيِّبًا وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьанал дерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш шайтIанан лар т – и шуна билггала мостагI ма ду

    2:168
  6. إِنَّمَا يَأْمُرُكُمْ بِالسُّوءِ وَالْفَحْشَاءِ وَأَنْ تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, цо шуна хьоьху вониг а‚ ирчаниг дар а‚ аш Делах лаьцна шайна цахуург алар а

    2:169

Гочдар: Магомед Магомедов