Мусхаф., агӏо 260
-
وَآتَاكُمْ مِنْ كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ ۚ وَإِنْ تَعُدُّوا نِعْمَتَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَظَلُومٌ كَفَّارٌ
Аш Шега дехначух дерриге а делла Цо шуна. Делан ниIматаш аш дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам тх зуламе а‚ баркалла ца олуш а ма ду
14:34 -
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا الْبَلَدَ آمِنًا وَاجْنُبْنِي وَبَنِيَّ أَنْ نَعْبُدَ الْأَصْنَامَ
Хьахаде: ИбрахIима ма аьллера: 'Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хилийталахь хIара мохк маьрша‚ Ахь генаваккхалахь со а, сан кнтий а оха жаршна бадат дарх
14:35 -
رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ ۖ فَمَنْ تَبِعَنِي فَإِنَّهُ مِنِّي ۖ وَمَنْ عَصَانِي فَإِنَّكَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Со Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, цара тила ма бина нахах дукхаберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – сох ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх
14:36 -
رَبَّنَا إِنِّي أَسْكَنْتُ مِنْ ذُرِّيَّتِي بِوَادٍ غَيْرِ ذِي زَرْعٍ عِنْدَ بَيْتِكَ الْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُوا الصَّلَاةَ فَاجْعَلْ أَفْئِدَةً مِنَ النَّاسِ تَهْوِي إِلَيْهِمْ وَارْزُقْهُمْ مِنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ
Тхан Кхиош-Кхобург! Ас дāха хаий сан зуьриетах цхьаберш ялта доцчу аренгахь Хьан сийлахь долчу цIийна уллохь цара цигахь, тхан Кхиош-Кхобург, ламаз хIотторхьама. Цхьаболчу нехан дегнаш царна ттевжаш хилийталахь‚ стоьмех рицкъ лолахь царна – цара баркалла āла тарлора
14:37 -
رَبَّنَا إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِي وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ
Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а
14:38 -
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي وَهَبَ لِي عَلَى الْكِبَرِ إِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبِّي لَسَمِيعُ الدُّعَاءِ
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доIа хезаш верг ву-кх
14:39 -
رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلَاةِ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاءِ
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хIоттош верг‚ сан зуьриетах а /хилийталахь дика Iамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доIа къобалделахь
14:40 -
رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъмин нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь'
14:41 -
وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ
Хьуна ма мотталахь Дела гIопал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /зап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне
14:42
Гочдар: Магомед Магомедов