Мусхаф., агӏо 259
-
تُؤْتِي أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Шен даар ло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
14:25 -
وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ اجْتُثَّتْ مِنْ فَوْقِ الْأَرْضِ مَا لَهَا مِنْ قَرَارٍ
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан
14:26 -
يُثَبِّتُ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا بِالْقَوْلِ الثَّابِتِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ اللَّهُ الظَّالِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ
Дала чIагIбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург
14:27 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ بَدَّلُوا نِعْمَتَ اللَّهِ كُفْرًا وَأَحَلُّوا قَوْمَهُمْ دَارَ الْبَوَارِ
Хьо ца хьаьжна /хй Мухьаммад/ шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинчаьрга? Цара охьахаи шайн халкъ хIаллакхиларан ц чу,
14:28 -
جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا ۖ وَبِئْسَ الْقَرَارُ
Жоьжахати чу, шена чохь уьш богур болу? Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
14:29 -
وَجَعَلُوا لِلَّهِ أَنْدَادًا لِيُضِلُّوا عَنْ سَبِيلِهِ ۗ قُلْ تَمَتَّعُوا فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى النَّارِ
Далла накъостий хилийтира цара Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: 'Зовкх хьега шайна – шун дIадахар /жоьжахатин/ цIерга ду'
14:30 -
قُلْ لِعِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا يُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُنْفِقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا بَيْعٌ فِيهِ وَلَا خِلَالٌ
Ахь āла Сан ийман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучохь а /дикчу агр/ харжаш йойла /Делан новкъахь/ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/де дале хьалха
14:31 -
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَكُمْ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْفُلْكَ لِتَجْرِيَ فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْأَنْهَارَ
Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо даийтина стиглара хи‚ цуьнца кхиира Цо цхьадолу стоьмаш шуна рицкъ хилийта. Шуна муьтIахь дина Цо кеманаш лелийта хIорда чохь Шен омраца‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш
14:32 -
وَسَخَّرَ لَكُمُ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ دَائِبَيْنِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ
Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ и ший а, хаддаза (шайн некъашкахула лелаш) болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а
14:33
Гочдар: Магомед Магомедов